Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

  Проценташ дIа а луш кредит иэцар.

  Банкехь шот дIаеллар.

  ТIекхеттачу процентех дан дезарг.

  

 

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!

 Хастам бу АллахIана, Иза реза волччул, Цунна хила беззачул. АллахIера салават а, салам а хуьлда Цуьнан лай а, Элча а волчу вайн пайхамарна Мухьаммадна а, цуьнан цIеначу охIлунна а, цуьнан дикачу асхьабашна а, къемат де кхаччалц царна диканца тIаьхьа мел ваьзначунна а.

Хаттар 1: Проценташ дIалуш кредит (декхар) иэца мегар дуй, банкехь долу хьан ахча ша долчахь а дуьсуш?

Хаттар 2: Банкехь шот дIаелла мегар дуй? ХIокху Европехь шаьш и кехат хьаделча, лаахь а ца лаахь а дIайоьллуьйту и шот.

Хаттар 3: Банкехь шот дIайиллича, цигахь тIекхетта йолу проценташ хьанал юй? Уьш мича хьовзо еза хьанал хилийта? Шена йита мегар дуй нагахь санна ша хьашт долуш велахь?

 

1 – Проценташ дIа а луш кредит эца мегар дац, хIунда аьлча иза «риба» долу дела.

Риба хьарам деш масийтта айат а, хьадис а ду. Лекха хинволчу АллахIа аьлла Шен Сийлахь Къуръан тIехь:

[Риба дууш болу нах (кешнаш чура) хьалагIовттучу хенахь шайтIано (жино) лаьцна хилла стаг санна гIовттур бу; иза царна хир ду цара аларна: йохка-эцар риба санна ду; ткъа АллахIа хьанал дина йохка-эцар, хьарам дина риба; ткъа шега шен Делера хьехам кхаьчначул тIаьхьа цунах юхаваьлларг – цунна дуьсуш ду цо хьалха (хьарам дале) даьккхинарг, цуьнан гIуллакх Делан керахь ду; амма юха а (рибана) тIевирзинарг – уьш бу уьш цIергахь хир берш, цу чу бухкур бу уш. АллахIа иэшаме до риба (беркат доцуш), Цо алсамдоху сагIанаш (церах беркат деш, мел хуьлуьйтуш); АллахIана ца веза керстдеш верг (риба хьанал ду бохуш), (риба даарца) къа латош верг][1]

[ХIай АллахIах тешна дерш! АллахIах а кхера, нахера шаьш тIедоккхуш долу риба Iадда а дита, нагахь санна шаьш АллахIах тешаш делахь. Ткъа нагахь санна аш иза Iадда ца дитахь – делахь шуна хаийла АллахIа а, Цуьнан Элчано а шуна тIом кхайкхийна хилар; ткъа аш тоба дахь – тIаккха шуна дуьсур ду аш дIаделла коьрта даьхни, аш а зулам дийр дац, йа шуна а зулам хир дац].[2]

[ХIай АллахIах тешна дерш! Аш ма даа юха-юха тIе а детташ риба; Делах а кхера, тIаккха декъал хила мега шу; цIерах а кхера шу, кесрта нахана кечйина йолчу].[3]

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – уггар доккха ворхI къинойх цхьаъ лерина риба. Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: "Шу ларлойла хIаллаквеш долчу ворхIаннах!" Асхьабаша элира: "ХIай Делан Элча! ХIун ду уьш?" Цо элира: "АллахIаца накъост вар а, бозбунчалла лелор а, Дала вен ца магийна волу стаг хьакъ доцуш вер а, риба даар а, буо беран даьхни даар а, мостагIчунна доьхьал тIом бечу дийнахь вадар а, бехк боцучу цIенчу муъма зударшна вон цIе кхоллар а".[4]

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – неIалт кхайкхийна, ял йоккхуш ахча лучунна а, оьцучунна а, иза дIаяздеш хиллачунна а, цаьршиммо и барт беш тешалла динчу шина тешана а». «Уьш цхьатера бу» - аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –.[5]

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – вайна хаийтина, риба лелош даьккхина долу цхьа дирхIам, бусалба стага ткъе кхойттозза зина дарал а вон хилар.[6]

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – вайна хаийтина, риба кхузткъе шийтта декъе декъалуш хилар а, цу дакъанех уггар лахара дакъа бусалба стага шен ненаца зина дарал а вон хилар а, цул доккха къа хилар а.[7]

2 – Банкехь шот дIаелларан кхо агIо ю:

а) Проценташ ца луш йолчу банкехь дIаеллар. Нагахь санна пачхьалкхехь Бусалба динна тIехь банк елахь, кхечу банкашкахь шот дIаелла мегар дац, хьарам гIуллакхаш ца лелош йолчу Бусалба динан банкехь дIаелла еза. Дуьненаюкъара цхьайолчу яккхийчу банкаша дIайиллина Бусалба динан хьукманашца лелаш йолу кегий банкаш, шайн банкаш юкъахь кегий бусалба дакъош долуш. Англехь тахана йолуш ю Бусалба дин тIехь кхоьллина банк, тIейогIучу хенахь Европера цхьайолчу кхечу пачхьалкхашкахь а кхолла мегаш ю, Дала мукъалахь.

б) Нагахь санна Бусалба динан банк яцахь, хьуна проценташ а ца луш, шайн банкехь шот дIайиллича хьоьгара ахча доьхуш йолчу банкехь дIаелла еза. Цхьайолчу банкаша шот дIайоьллуьйту, амма цара проценташ ца ло, хьоьгара ахча доьху хIора баттахь, шайн банкехь хьан шот хиларна. И санна банкаш массо меттехь хила тарло, цара боккхуш болу мах дукха а ца хуьлу, масала Австри-пачхьалкхехь лакхара лоруш болу мах хIора баттахь 13 евро бу, 4 еврох а хуьлу, кхин а лакхара а хуьлу.

в) Нагахь санна Бусалба динан банк а яцахь, хьуна процент а ца луш ахь ахча дIалуш йолу банк а яцахь, йа цу шина банка чохь шот дIайиллича билггал доккха зен а, бохам а хир болуш белахь, тIаккха шот дIаелла мегар ду процент луш йолчу банкехь.

3 – Банкехь шот дIайиллинчул тIаьхьа:

а) цара луш йолу проценташ схьа а эцна, уьш яар – уггар даккхийчу къинойх доккха къа ду, уггар доккхачу хьарам юкъара хьарам а ду. Цунна тешалла ду лакхахь далийна долу айаташ а, хьадисаш а.

б) и проценташ хьарам ю, делахь а уьш оцу банкана Iадда йита ца еза. Iелам-наха и проценташ цхьанна дIаяла еза аьлла, сагIийна луш санна, масала Делан некъахь гIазот деш болчарна а, халонехь болчарна а, мискачу нахана а, иштта кх. дI.

И проценташ шена яа маггане а мегар дац, нагахь санна ша кхин дан хIума доцуш висина вацахь, амма шена цхьа чIогIа даьхни хьашт делахь, йа ша цхьана йоккхачу халоно кIелвитнехь, тIаккха цхьаболчу Iелам-наха мага до уьш шена оьшшучул шен гIулкхана дIахьовзор, шена оьшучул совдаьлларг халонехь болчарна дIа а луш.

Банкехь долу шен ахча диса а дуьсуш, тIаккха а ша хьашт долуш вара аьлла, цунах бахьана а дина и проценташ яа мегар дац. Ша кхин дан хIума доцуш висича, тIаккха мега аьлла магийначу Iелам-наха.

 5

 

 

__________________________________________________
 

[1] Сурат "Албакъарат" 275 айат.

[2] Сурат "Албакъарат" 278-279 ши айат.

[3] Сурат "Ал-Iимран" 130 айат.

[4] Бухарис а, Муслима а дийцина и хьадис.

[5] Бухари, Муслим.

[6] Ахьмад.

[7] Ибн МаджахI.