|
|
| Видео |
|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Цуьнан (АллахIан ницкъ а, къинхетам а гойтучу) билгалонех ду Цо шуна шух шайха зударий кхоллар, шуна цаьрца синтем хилийта; шуна юкъахь безам а, къинхетам а хилийтина Цо].[1] Сийлахь АллахIа оцу айатехь довзуьйту вайна Ша стагана а, зудчунна а юкъахь безам кхоьллина хилар, къинхетам а, къахетар а кхоьллина хилар, цаьршинга дахарна халонаш тIехь вовший гIо дайтархьама, цаьршинан доьзал уггар онда бух тIехь, уггар кхачаме низам тIехь даим латтийтархьама, синтем болуш, синпаргIато йолуш, машар болуш. Цундела стага зуда шеца латтайо шена иза е́за дела, йа шен цуьнгахьа къинхетам болу дела, масала цаьршинна юкъахь доьзалхо хилар бахьана долуш, йа иза цуьнан напхане хьашт хилар бахьана долуш, йа иштта кхидолчу бахьанашна.[2] Ткъа, зуда ялош беш болу мах, цу зудчуьнца кхуллуш йолу юкъаметтиг Къуръан тIехь «онда чIагIо», «чIагIбина мах» аьлла хьахийна ю, «Ан-Ниса́ъ» суратан 21-чу айатехь. Иштта и цIе кхидолчу ме́хашна яьккхина а яц. Цундела, доьзал кхуллуш беш болу мах бусалба дино сийлахь лоруш бу. Доьзал кхолларна бIостанехьа ду доьзал бохор, цундела иза бусалба дино дика лоруш дац. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Бакъдолуш, Иблисо шен Iарш хи тIе охьадуьллу, тIаккха шен эскаран тобанаш дIасайохуьйту цо (адамашна бохамаш байта, уьш галдахийта, царна Iесаллаш хазйайта). Церах (цуьнан накъостех) цунна уггар герга хуьлург – уггар доккха питана динарг хуьлу. Церах цхьамма ша схьакхаьчча цуьнга олу: «Ас иза а дира, иза а дира». ТIаккха цо (Иблисо) олу цуьнга: «Ахь хIумма а ца дина». ТIаккха кхечо олу: «Ас и цхьа хьенех Iад ца витира, иза а, цуьнан зуда а вовший дIасакъастоллалц». ТIаккха Иблисо иза шена герга а кхойкхий, олу цуьнга: «Хьуна хастам богIу». Хьадис дийцинчу Ал-АIмаша аьлла: «ТIаккха цо иза схьа а лоций шен мера къовлу».[3] Кхечу хьадисехь деана ду: «Зуда йитар АллахIана уггар оьгIазе хеташ долу хьанал хIума ду».[4] Ткъа иза вон лоруш хилча, зуда йитар хьанал хIунда дина-те аьлла хаттар кхолладелча, хаа деза, зуда йитар ца ваьллачу денна хьанал дина хилар, йа вуьшта аьлча, доьзалан дахар цхьанне агIор тарлуш дацахь, доьзална юкъахь хIоьттина «ба́ла» бухатоха кхин агIо яцахь, цаьршинан дахар сатухийла доцучу «жоьжахатене» дирзина делахь, безаман а, къинхетаман а меттана лелаш ерг оьгIазло а, цабезам а, хьагI а, къовсам а, гIиллакх дохар а делахь, цунах берашна а, дена-нанна а, гергарчарна а, зударшна а бала хуьлуш белахь, майрий-зудий кхидIа а цхьаьнаIеран зен и шиъ дIасакъастаран зенал алсам делахь - тIаккха мегаш ду и шиъ дIасакъастар. Ткъа дIасакъастаран а шен некъ бу. Жимма бахьана ма-даьлла зуда йитар а, доьзал бохор а, «ондачу чIагIонаца» бина мах бохор а цхьанне агIор нийса дац. Доьзална юкъахь цхьа цакхетам кхоллабеллехь, цхьа вас йоьжнехь, цхьа хIума галадаьллехь, и хIума дIалуьстуш, АллахIа тIедожийна ду зуда йитале хьалха кхин масийтта некъ лелор – зудчунна хьехар дар, хазчу кхетамца иза кхето хьажар; тIаккха а гIуллакх ца хилахь дов дар, вижар зудчунах къастор; тIаккха а гIуллакх ца хилахь, доьзалан уьйр йоха герга йаханий хоуьйтуш, зуда юхахьа ялар генадаьллий хоуьйтуш, гIуллакх йитарна герга кхаьччий хоуьйтуш зудчунна чов хир йоцучу кепара тохар. Уьш доцурш а, кхидолу бахьанаш а лело мегар ду, делахь а уьш алсам хила йиш ерш ду. ТIаккха, нагахь санна зуда цхьанне агIор нислуш яцахь, доьххьара вай ма-аллара, нагахь санна и шиъ цхьаьнаIеран зен и шиъ дIасакъастаран зенал алсам делахь, тIаккха йогIуш ю зуда йитаран рагI. Ткъа нагахь санна юкъадоьжна дов делахь – доьххьара маслаIат лелон догIу, тIаккха майрачуьнан агIор а, зудчуьнан агIор а маслаIатан кхелахой юкъабо́лийта беза, цара барт бахь барт хир бу, цара дIасакъастар гIолий ду алахь дIасакъаьстар ду. Вай вуьшта аьлча, зуда йитар уггар тIаьххьара «дарба» ду. Кхузара схьа евза вайна Бусалба динан дикалла – цхьадолчу низамаша санна цхьаъа доза доцуш хецна а ца дитина бусалба дино зуда йитар, йа кхечара санна хьарам а ца дина, зен мел сов даьлчи а дIасакъаста йиш йоцуш. Вай дийцинчух схьа кхета аьтту бу аьлла хета суна зуда йита магаран бахьанаш муьлхарш ду: доьзалан дахар кхидIа латта йиш ца хилар, йа иза кхидIа ца латтаран пайда латтаран пайданал алсам хилар, йа цхьаьнаIеран зен дIасакъастаран зенал алсам хилар. Амма вай оцу бахьанийн бахьанаш дийцича, уьш дукха хила мега. Ткъа, масал далийча, церах уггар коьртачерах ду зудчо шен майрачуьнан хьакъаш кхочуш ца дар, цо цуьнан бакъонаш лар ца йар, цо шен декхар кхочуш ца дар. Амма пуьташ боттар зуда йита кхачочу бахьанашна юкъадогIий аьлча – нагахь санна и вай бийцина болу некъ зудчуьнца лелийначул тIаьхьа (хьехар дар, хьехам бар, пуьташ боттаран волла йовзийтар, иза къилахь хилар довзийтар, Делах кхера езаш хилар дийцар, иза бусалба зудчуьнан гIиллакх ца хилар довзийтар; тIаккха дов дар, кхаа буьйсанна вижар къаьстина хилийтар, кхерам тасар; тIаккха а саца ца сацахь, шена лаахь тохар, чов йийр йоцучу кепара, гIуллакх генадаьллий хоуьйтуш), тIаккха а зуда пуьташ буьттучура соцуш яцахь, доьххьара вай ма-дийццара цунах хуьлуш доккха зен а делахь (масала и зуда аьшпиг ю аьлла неха бага гIур елахь, и бахьана долуш доьзалан вон цIе йоккхур елахь, йа пуьташ боттар бахьана долуш майрачуьнан даьхнина зен хир делахь, иштта кхидIа а), тIаккха хила мега иза и зуда йита кхачочу бахьанех. Делахь а, ша тIекхочехь волчу дешначу стагах, Iелам-стагах дагава́ла веза цIийнада, и бахьана долуш ша зуда йитале хьалха. Вайн махкахь гIараваьлла вевзаш хилла волчу Iелам-стага Къаима - Дала къинхетам бойла цунах - олуш хилла бах, шега: - "Тоба дича къиношна гечдийр дуй?" - аьлла хаттар дича, - "Дийр ду, нагахь санна зуда йитина стаг санна дохко валахь". Дика хуург АллахI ву, цуьнан маьIна - зуда йитарехь сихвала мегар ца хилар ду. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 15.08.2009 [1] Сурат «Ар-Ру́м», 21 айат. [2] Шейх ВахIбат Аз-Зухьайлий, «Ат-тафсирул-муни́р», 21\69. [3] Муслим. [4] Абу Давуд.
|