Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!

Ахь бусалба динах лаьцна хаттаршна жоьпаш ло аьлла елла соьга хIара e-mail. Со цхьа хIума хатта лууш вара. Зуда ялийна ву со, 25 шо ду сан, ялийна кхо шо хан ю.

ХIун ду хууш вац со, цкъаъа и сай зуда ю-кх аьлла хеташ вац со. Даиманна и дIа а йахийтина кхиниг яло лууш ву со. Айса и кхаьбчи а, соьх цунна цIийнда хир вуй-те олий ойланаш йо ас, хIунда аьлча сан дагахь даимна кхи зуда ялор ду.

И ялочу хенахь ас айса ялийна яц сайна, суна гергарчу наха захло дийцина ялийна, сихха хьаялийна йара иза, ма ялае боххушехь. Цундела ду а ца хаьа суна иза.

Иза ша вуо йоI яц. ХьайогIуш башха иман дика ца хиллехь а, хIинца иман дика долуш ю. Бехк боцуш иза дIайахийта ца лаьа суна.

Сан хаттар муха ду: иза дIа а йахийтина, кхи зуда яло мегар дуй ас? Ялийча доккха къа дуй иза? Оцу хIуман дукха ойла йина ас, сайн дагара зудчунна башха ца хоуьту ас, жиммал кхета моьтту суна иза.

Аьтту белахь жоп даийтахь суна.

АллахI реза хилла хьуна сан хаттарна тидам барна.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Лераме ваша, чIогIа дика ду ахь айхьа цхьа хIума дале хьалха хаттар дина а, хьо дагаваьлла а. Бусалба стеган гIиллакх ду иза, собаре хилар а гойту цо.

Ахь хоьттучух лаьцна аьлча, хьарам ду, хьанал ду аьлла вай цу хаттаре хьевсича, вайна девза бусалба динехь зуда йитар доьххьара дуьйна дика хIума ца хилар, йа вуьшта аьлча «макрухI» хилар.[1] «МакрухI» бохург – дича къа а доцуш, ца деш Iаддитича мел а хуьлуш долу хIума ду.

Зуда ялош беш болу мах, цу зудчуьнца кхуллуш йолу юкъаметтиг Къуръан тIехь «онда чIагIо», «чIагIбина мах» аьлла хьахийна ю, иштта и цIе кхидолчу ме́хашна яьккхина а яц. Цундела, доьзал кхуллуш беш болу мах бусалба дино сийлахь лоруш бу.

Доьзал кхолларна бIостанехьа ду доьзал бохор, иза бусалба дино вон лоруш а ду. Ткъа иза вон лоруш хилча, зуда йитар хьанал хIунда дина-те аьлла хаттар кхолладелча, хаа деза, зуда йитар ца ваьллачу денна хьанал дина хилар, йа вуьшта аьлча, доьзалан дахар цхьанне агIор тарлуш дацахь, майрий-зудий кхидIа а цхьаьнаIеран зен и шиъ дIасакъастарал алсам делахь, доьзална юкъахь хIоьттина «ба́ла» бухатоха кхин агIо яцахь, тIаккха мегаш ду и шиъ дIасакъастар. Вайна ма-хаъара, доьзал юкъахь цхьа цакхетам кхоллабеллехь, цхьа вас йоьжнехь, цхьа хIума галадаьллехь, и хIума дIалуьстуш, АллахIа тIедожийна ду зуда йитале хьалха кхин масийтта некъ лелор. Церах цхьаъ ду, масала, юкъадоьжна дов делахь маслаIат лелор. Ткъа, зуда йитар – уггар тIаьххьара «дарба» ду. Хьадисехь деана ду: «Зуда йитар АллахIана уггар оьгIазе хеташ долу хьанал хIума ду».[2]

Амма хьан хьолехь ахь хьайн зуда йитича хьуна къа хир дуй-те аьлча – хир ду, нагахь санна цуьнан бехках доцуш ахь иза йитича цунна зен хир долуш делахь, цунна сингаттам бер болуш белахь. Хьан хьал ахь ма-дийццара делахь, кхин хилла, йа галдаьлла хIума а доцуш ахь иза йитар нийса хир дац.

Ахь аьллачух со кхетарехь, шуна юкъахь оьгIазло яц, йа вовшашна юкъахь цабезам а бац шуьшина. Ахь айхьа дечу тоьшаллийца, хьан хIусам-нана вон адам а дац, хаза ийман долуш а ю, ахь бохучунна муьтIахь а ю. Ткъа иштта хIусамнаной боцуш вуно дукха божарий бу хьуна, иштта куцош долу зуда-бераш лоьхуш дуккха а кегий-нах а бу хьуна. Нагахь санна ашшимма бахь хир бу шуьшина ирсе доьзал, нагахь санна ашшимма хилийтахь хир бу шуьшина юкъахь безам. Дукхозза нисделла а, нислуш а ду хьуна, еза а езаш зуда яла а йой, тIаккха иза хьан хIусам-нана санна дика ца хилар бахьана долуш йитар нислуш. (Дикка ойла елахь цу тIехь). Дукханна а хилла ду хьуна, шозза йа кхозза бен гина а йоцуш, йа хьан хьолехь санна цкъаъа гина а йоцуш йолу зуда ялош, тIаккха церан хаза безаме, ирсе дахар хуьлуш.

Дуьненан дахарехь нахана зеделлачу хIуманех ду хьуна, майрачунна а, зудчунна а юкъахь безам хилар цаьршинах шаьшшиннах доьзна хилар. Ахь Iуьйранна хьой араволуш, суьйранна хьой чувогIуш, хьай аьтту баьл-баьллачух хьайн хIусамнене хаза дош олуш хилча, ахь иза хьостуш хилча, ахь цунна сих-сиха барт боккхуш хилча, ахь цунна зезагаш оьцуш хилча, керла духар оьцуш хилча, шуьшиъ цхьаьне цхьанхьа доладала арадолуш хилча, жимма цхьанхьа самукъадаккха доьдуш хилча… И дерриге хIума шуьшинна юкъахь безам кхоллаболуьйту хIума ду. Безам Ийман санна хIума ю - бахьанаш лелийча, боцучуьнгахь кхоллабала а тарло иза, хан яларца гIел а ло иза, бахьанаш лелийча сов а болу иза, даим латта а лаьтта иза. Цундела, ас хьайга хьайн хIусамнанна зезагаш иэца аларх цец а ца волуш, хьай кхоллабелла баьлла болу сирла доьзал ларбен бахьанаш леладе.

Ийман долуш, АллахI везаш, Цуьнан дин дезаш, хьуна муьтIахь йолуш хIусам-нана хьайна нисйаларна АллахIана хастам бе, Цо хьайна динчу ниIматана пусар де, Цо и ниIмат хьайна даларна Цунна баркалла а ала. Хьайна Дала делла долу и ниIмат доцучаьрга хьажа хьо, дикка хьо цаьрга хьажахь, ас кхузахь хьехо ца оьшуш, хьайна Дала иштта хIусамнана нисйарна Цунна хастам бойтур долу дуккха а масалш гур ду хьуна. Делан динца а, гIиллакхца а дика йолу хIусамнана атта нислуш яц хьуна, ткъа, хьадисехь деана ма-дарра, стаг ирсе веш долчу кхаа хIуманех цхьаъ дика зуда ю хьуна, иза шен дахарехь дакъаза веш долчу кхаа хIуманах цхьаъ вон зуда а ю хьуна.[3] Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Дуьне – (цхьана ханна) шех пайда оьцу меттиг ю, ткъа цу чура уггар дика пайда – дика зуда ю».[4]

ТIаккха, лакхахь вай хьехийна долу бахьанаш лелорца, цкъаъа диц ма де АллахIе доIа дар, хьайн хIусамнана хьуна езийтар а, цунна хьо везийтар а, шуна юкъахь марзо хилийтар а, шун дахар ирсе хилийтар а доьхуш. Иштта доIанаш пайхамарша а дина ду хьуна, и хIуманаш дехар иэхье а дац хьуна. «Бакъдолуш, адамийн дегнаш дерриге Къинхетаме волчуьнан пIелгех шина пIелга юкъахь ду цхьа дог санна, Шена луъучу агIор дерза а до Цо уьш»,[5] - ткъа ахь лело ма-дезза бахьанаш а леладахь, дан ма-дезза Деле доIа а дахь, Цо хьан дог а хьуна дика долчахьа дерзор ду, шуна юкъахь безам хиларе дерзор ду, Шен къинхетамца.  

ХIара жоп мел дахделлехь а, хьан доьхьа а, хьан доьзалан доьхьа а яздо вай Шейх Iалий Ат-ТIантIа́вийс хьан санна долчу хьолах лаьцна дийцинарг, массо хIума хьайчух тера дацахь а, хьоьга ойла йайттал масалш ду цу дийцар чохь.

«Цхьана дийнахь сайн цхьа доттагI доьхьал кхийтира суна. Цхьа тамашийна кийра гатбелла вара иза, дегIаца цхьа цамгар йолуш санна, йа дагчохь цхьа сингаттам болуш санна. Хилларг хIун ду дийца аьлла элира ас цуьнга. Ца дуьйцуш доьхьал велира иза цхьана юкъана, тIаккха тIаьххьара а элира цо соьга:

- Хьо сан доттагI ву, хьох къайла дахийта ца деза ас иза. Сайн къайле юьйцур ю ас хьоьга, хьоьгара хьехар а оьшу суна. Зуда яло воллу со!

Ас элира: - Хьайн хIусамнене, хьайн берийн нене хIун дайта воллу хьо тIаккха?

Цо элира: - Иза ша хьалха ма хиллара дIа Iийр ю.

Ас хаьттира: - Цуьнан гIиллакхехь цхьа вон хIума гина хьуна, йа цуьнан динехь вон хIума гина хьуна, йа муьтIахь ца хилар гучудаьлла хьуна, йа хьайх къехкар гучудаьлла хьуна?

Цо элира:  - ХIан-хIа, вайн Делор!

- Ткъа хIунда яло гIерта хьо кхи зуда?

- Со ларвалар дезаш стаг ву, вочу хIуманца цабезам болуш ву. Сайн зудчуьнца дукха ваьхна со, цундела цо сайн са а, сайн бIаьргаш а кхечу зударех бухатухуш ца хета суна. Дукха ваьхна со цуьнца, кIордийна суна иза, цуьнан хазалло кхин Iеха ца до сан бIаьргаш.

Ас элира цуьнга: - Вайн Делор, оццул цо хьайца хан яккхарна а, иза хьоьга догцIена хиларна а ма вон, ма боьха бекхам бу-кх ахь цунна бийриг! Ма тамашийна а ду-кх хьан хьал – хьайн сине ладоьгIу ахь, иза хьекъалан аз ду а моьттуш, лаамийн некъа тIехь воьдуш а ву хьо, иза дикаллин некъ бу аьлла хеташ а волуш. Иблисо харцахьадаьккхина хIума ду-кх иза, йа цо дагчу туьссу ойланаш ю-кх уьш.

Хьайн са ахь иэшийна а доцуш, ахь иза духатоьхна а доцуш, керла зудчо хьайна оьшург а хуьлуьйтур ду, цунах хьуна тоам хир бу аьлла хета хьуна? Керлачуьнца а денош дIагIур ду, иза а тиша хетар ю тIаккха, ахь цуьнца йоккху хан а яхлур ю, иза а кIордор ю, ахь цуьнан хазалла толлур ю, иза а хаза йолчура дIаер ю. ТIаккха кхоалгIа зуда лохур ю ахь, кхолгIачо йоьалгIачуьнга вуьгур ву, ахь бIе зуда ялийча а, хьайн дерриге дахарехь хьо зударий балош Iийча а, керла зуда езаш карор ву хьуна хьой!

Барт баккхарца а, мара йолларца а йайъа еза тIаккха майрачо шен хан? Цуьнан шен цхьа кIеззиг йолу хан ма ю. Ткъа кхидIа йолу оьмар – дахарехь вовший гIоьнчий хилар а, вовшашца дагадовлар а, кхача-духар лахар а, бераш кхиор а, дIайаханчу хенаца дуста а дустуш, тIейогIучунна ханна кечам бар а…

Хьайн цIийна-нана ларйе, иза йолчу юхаверза. Цуьнан догцIаналле (иза хьайца дика хиларга, догцIена хиларга) хьажа, цуьнан юьхье а, цуьнан дегIе а ма хьежа. Бакъдолуш, «хазалла» бохучунна ха́дам буьйцу дукха жайнаш дешна хьуна ас, ТIа́гIу́ра белла болчу хадамал нийса хадам а ца карийна суна: «Бакъдолуш, хазалла – догцIаналла ю».

Ткъа, хазаллехь паччахь лара мегар йолчу хьан зудчо хьуна ямартло йича, хьан бIаьргашна дукха боьха гуш хир йара иза. Суьйранна юхучу мачанел сов хаза юьхь йоцу Iаьржа бос болу зуда хьоьца догцIена хилча (ямартлонах хьо ларвеш, хьан хIусам а, хьан бераш а, хьан сий а лардеш), хазаллин паччахь хетар йара хьуна иза».[6]  

 

Мухха хIуъу хуьлуш хилахь а, дикчу нахах, Iелам-нахах дага ца волуш хIума ма де, дагаваьлларг дохковер вац.

Массо хIума хууш-девзаш волчу АллахIа ирсе доьзал а, ирсе дахар а лойла хьуна хIокху кIеззиг дахарехь а, тIедогIу долчу даим дахарехь а!

23.03.2009


 

[1] «НихIа́йатул-Мухьта́дж», Имам Ар-Рамлий, 6\423.

[2] Абу Давуд.

[3] Суйу́тIий – Ал-Алба́ний, «Сохьи́хьул-Джа́миIис-СогIи́р», хьадис № 5492.

[4] Муслим.

[5] Муслим.

[6] «Хьулу́лун исламиййахI лимаша́кила усариййахI» жайни тIера, 150 агIо, Сабри Ал-Факъий.