|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Обязан ли муж получить согласие жены, чтобы жениться во второй раз? И является ли хьарамом жениться даже не получив её согласия (первой жены)? ШолгIа зуда ялош хилча, майрачо доьххьара зудчуьнгара пурба даккха дезий? Доьххьара зуда реза а йоцуш шолгIа зуда ялор хьарам дуй?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! ШолгIа зуда яло лууш волчу майрачо шен йолуш йолчу зудчуьнгара пурба даккхар важиб дац, йа иза цунна тIехь а дац. Иза важиб ца хилча, цуьнгара пурба а доцуш, йа иза реза а йоцуш иза ялор хьарам а дац. Делахь а, шен хIоьттина лаьтташ болу доьзал боха ца бар хьекъале а, маслаIате а ду. Цундела, шен хIусамнана шех кхето хьажа веза майра. «Хьо-м адам дацара» аьлла, хьайбанца санна юкъаметтиг лелон мегар дац шен хIусамненаца. Цуьнан дог иэца хьажа веза, иза кхето хьажа веза, шена шолгIа зуда хIунда оьшу а, иза ялийча ша доьххьаралерачунах дIахедар воций а, цаьршинца цхьатерра нийсо яр шена Дала тIедожийна декхар дуй а дийца деза цуьнга. ТIаккха, муьлхха гIуллакхца собар дика ду, сих ца валар дика ду, дагавалар дика ду, хьекъале хилар дика ду. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 20.02.2010 = 06/03/1431
| КхидIа |