Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Зуда ялийначу хенахь иза йоI-стаг йолчура дIайолучу хенахь, цуьнан цIий долуш хила деза йа ца деза?

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Зуда маре йахача, цуьнан шен майрачуьнца доьххьаралера эвхьаза гIуллакх хуьлучу хенахь, иза йоI-стаг йолчура йо́лучу хенахь цуьнан цIий далар даим хила деза аьлла дац. Цхьайолчу хенахь и цIий да́ла а мега, цхьайолчу хенахь ца да́ла а мега.

Хууш ма-хиллара, и цIий далар зуьдчуьнан бехкеметтигца хуьлуш долу «йоIстогаллин пардо» хадар бахьана долуш хуьлу. Лоьраша дийцарехь, и оцу бахьанийца до́луш долу и цIий дукха ца хуьлу, цхьа тIадам, йа ши тIадам хуьлу. ТIаккха, эвхьаза гIуллакх хуьлучу хенахь арайолучу борша стеган ораллийца а, зудчуьнан тIуналлийца а дIаоь и тIадамаш, и бахьана долуш оцу шинан тIуналлин бос цIечу басе боьрзу, цундела и ерриге тIуналлаш цIий долуш санна хета. Ткъа и цхьа тIадам, йа ши тIадам бен доцу цIий оцу тIуналлашца дIа ца ийчи, иза цхьанна а гойла дац, йа тидам боцуш дисса мега иза.

Вукху агIор, лоьраша шайна зеделлачуьнца дийцарехь, зудчуьнан и пардо озалуш хила а тарло, цундела, эвхьаза юкъаметтиг хилча а иза хада ца хада а мега. Ткъа и хада ца хаьдча, и цIий долийла яц, цхьа кхин чов хилла яцахь. Цундела, цхьадолчу хьолашкахь хила тарлуш ду, и пардо хаьдда а доцуш, (иза хаьдда ца хилар бахьана долуш цIий даьлла а доцуш), борша стеган ораллин дакъош зудчуьнан берацIачу а кхаьчна, иза пхьор йолар!!! [1]

Кхин а, и пардо дIада́ларан кхидолу бахьанаш вай дийцича – охьакхетар бахьана долуш дIада́ла а йиш ю иза, зудчуьнан хьайд хилар бахьана долуш дIадала а йиш ю иза, авари йарца дIадала а йиш ю, лами тIера чукхетарца дIада́ла а йиш ю иза, иштта кхидолчу бахьанашца дIадаьлла хила а йиш ю иза. Ткъа, доьххьара вай ма-аллара, иза дIадаьлла хилча цIий долийла яц.

Цундела хаа деза, зудчуьнан и пардо ца хилар а, йа цуьнан доьххьара буьйсанна цIий ца да́лар а цхьанне агIор цунах лаьцна вон ойла кхоллаялийта могуьйтуш долу бахьана доций. Iелам-наха ма-аллара, доьххьара эвхьаза юкъаметтиг хилча зудчуьнан цIий ца даьллера аьлла цу зудчунна тIе цхьа цIе кхолла мегар дац, йа цо цхьа хьарамло лелийна мотта а мегар дац, хIунда аьлча пардо долуш хилар а, йа иза доцуш хилар а, иштта цIий да́лар а, йа иза ца да́лар а, йа Къуръано а, йа Суннато а, йа Iелам-наха а хIоттийна тешалла а, бахьана а дац зуда цIена хиларна а, йа ца хиларна а.[2]

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

24.10.2009

 

 

 

[1] Шейх Ахьмад ХIари́дий, «Фата́ва́ ал-азхIар», 1/384.

[2] «Фата́ва́ аш-шабакатил-исла́миййахI», № 19950, 24206, 44914; «Фата́ва́ ал-исла́м суа́л ва джава́б», № 60235, 40278.