Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Дела реза хуьлда хьуна! Дала диканца бекхам бойла хьуна хIара сайт йилларна! Дала къинхетам а бойла хьох! Со тахана бен хилла яц кхузахь, айса лоьхачу дуккха а хаттаршна жоьпаш а карийна суна кхузахь, Дела рез хуьлда хьуна!

Суна хаа лууш цхьа хIума дара, оцу сайн хаттарна жоп а ца карадо суна цхьанхьа. Хала далахь а хьайна цунах лаьцна хIумма хаьий хьаьжча доккха, гIулкх дора ахь.

Дела некъахь цIийнада дIакхелхинчу зудчуьнан, (кхи цул тIаьхьа маре а ца йоьдуш Iийча, иза шен цIийнадеца хир ю аьлла дара кхузахь), эхартахь оцу зудчуьнан хьал муха хир ду техьа?

ЦIийнада ша дуненчохь волчу замначохь реза вара суна, юха иза дIакхелханчул тIаьхьа цо тIе дохийтина духар дIа даьккхина, коьртара хIума дIа яьккхина лелла со цхьана заманчохь, юха кхетаме а еана тоба а дина, юха Дала ма бохху духар тIедуьйхина ас, Iилма Iамош, доьзалхо Делан динца кхио ойла а йолуш, цул тIаьхьа сайн хьал мух хир ду ца хаьа суна, нагахь санна Дала Шен къинхетам а бина со ялсамане яхийтахь?

Кхи цхьа хIума а дара, и цIийнада гIенах совгIат а дохьуш юха шен дола яккха веана гар хIун ду теша?

Бехк ма биллахь дукха яздарна, Дела реза хуьлда!

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

● Бусалба зуда ялсамане йахча, цуьнан хьал муха хир ду цигахь?

- Зударша шайна ялсаманехь хила мегаш долчу зовкхах а, мелах а хаттар дар вон хIума дац. ХIунда аьлча адаман са иштта амал йолуш ду, ша доьрзу долчу меттигах а, шен тIаьхьлонах а ойла йо цо. Делан элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дов ца дина асхьабаша шега ялсаманих лаьцна хаттарш дича. Масала: - «Ялсаманин гIишлош муха хир ю?», - аьлла хаьттича, уьш деших а, детих а хир ю аьлла цо; - «Тхо тхайн зударшна тIекхочур дуй ялсаманехь?» - аьлла хаттар дича, кхочур ду аьлла цо.[1]

- Адаман са, хуьлийла иза зудчуьнан са йа борша стеган са, тохалой шовкъе долу ялсамани хьахийча, цу чура тайп-тайпана марзонаш хьахийча. Иза дика хIума ду, делахь а ялсамани кхача лаар цхьа лаам хилла дисса ца деза, лаамца цхьаьна дика Iамал хила еза. Лекха хинволчу АллахIа Шех тешачаьрга аьлла: [Иза яалсамани ю, аш еш хиллачу Iамалца шуна кхаьчна йолу].[2] Цундела, ялсамани йийцарца синан шовкъ ай йан еза, цига вуьгуш йолчу Iамалца и шовкъ бакъйан а еза.

- Ялсаманин зовкх а, цигара марзонаш а зударшна хир йоцуш, къаьсттина божаршца йоьзна яц, муххале а уьш  [(Делах) кхоьручарна (массарна а) кечйина ю][3], божаршна а, зударшна а цхьаьне: [Ткъа дика гIуллакхаш динарш, хуьлийла уьш божарех йа зударех, шаьш тешаш а болуш – уьш гIур бу ялсамане].[4] АллахIа хьехош йолу ялсаманера хазаллаш а, дикаллаш а зударшна а, божаршна а цхьаьне хир ю, цара массара марзо оьцур ю тайп-тайпана даарех а, хазчу меттигех а, дикачу Iойлех а, тайначу духарех а.

- Зуда ялсамане йоьдуш хилахь, АллахIа цунна цуьнан жималла а, йоIстогалла а юхалур ю. Хьадисехь деана ду ялсамани чу къена зуда гIур яц аьлла, зударий лекха хинволчу АллахIа ялсамани чубохуьйтучу хенахь церах йоIстегарий хуьлуьйтур бу аьлла.[5] Кхечу хьадисехь деана ду, шайн майрошца эвхьаза гIуллакх мел хуьлу, церан йоIстогалла даим юха меттахIуттуш хир ю аьлла.[6]

- Цхьадолчу хьадисашкахь деана ду, ялсамане гIур болу дуьненара зударий ялсаманенна кхоьллинчу зударел (хьурул-Iийнел) дуккха а хаза хир бу аьлла, цара дуьненахь деш хилла долу Iибадат бахьана долуш.

- Бусалба зудчунна хаа деза ша ялсамане кхачарца шен берриге баланаш а, ерриге халонаш а, сингаттамаш а, лазамаш а дIабевр хилар. Цуьнан дахар цигахь доза доцу ирс долуш хир ду, даим лаьттар долу ирс долуш хир ду. [Церах хьакхалур дац кIадвалар, уьш цу чура ара а бохур бац].[7] [Синошна дезарг, бIаьргашна мерзадерг (массо хIума хир) ду цу чохь; шу даим лаьттар а ду цу чохь].[8] Ткъа, ялсаманин уггар мерза марзо – вай кхоьллина волу вайн Эла, вайн сийлахь-цIена волу Дела АллахI гар ю, цул йоккха марзо а, цул доккха хIума а дан а дац.

 

● Ахь цкъа бусалба духар лела а дина, тIаккха хьайн хIусамда дIаваьлча иза дIадаьккхина хилла хиларан бахьана, суна хетарехь, и духар хьоьга цо дохийтина хилла хилар ду, ахь айхьа дечух кхета а кхеташ, цуьнан маьIна а девзаш дуьйхина хилла ца хилар ду. Ца луъушехь, цхьамма де аьлла деш долу хIума и аьлларг дIаваларца Iаддуьту, цундела бусалба стага ша лелош долу хIума тешарца лело деза, Iилманца лело деза, ша лелориг хIун ду а, муха ду а хууш лело деза. Вуьшта аьлча, Iилманца йолу зIе мелла а алсам хилийта еза. Иштта цу маьIнийца деана ду хьадисехь аьлла дерг: «Iилма Iамор хIора бусалбанна тIехь парз ду».[9] Ткъа, Iелам-наха ма-аллара, цу хьадис юкъадогIуш ду стаг а, зуда а, цхьатерра.

ХIинца ахь тоба дина, ахь хьайн духар нисдина, хьо Iилманна тIегIерташ а ю. Хьо нийсачу новкъа яьлла, ялсамани буьгучу новкъа яьлла, Дала мукъа лахь. ЦIенчу даггара, массо билламаш кхочушбеш ахь тоба дина хилчахьана, хьоьгара хьалха даьлларг хьуна Дала гечдийр ду, Шен къинхетамца.  Нагахь санна хьо АллахI реза вен болчу новкъа дIайодахь, хьо ялсамани кхочур ю, Цуьнан оьгIазло ахь хьайна тIеяийтахь – жоьжахати Делан оьгIазло тIеенчарна кечйина ю.

Хьо ялсамане боьдучу новкъа дIайодахь, хьан кхечуьнга маре йахар а ца нислахь, Делан новкъахь кхелхинчу хьайн майрачуьнца хир ю хьо ялсаманехь, Делан къинхетамца, ялсаманин дерриге ниIматаш а хир ду хьуна, хьалха вай ма-дийццара.

Амма нагахь санна хьан кхечуьнга маре йахар нислахь, ялсаманера хьал муха хир ду аьлча – цунна жоп карор ду хьуна хIокху хаттарехь:

«Марехь хилаза, йа майрачо йитинчу зудчуьнан хьал муха хир ду ялсаманехь?».

 

● Амма хьуна хьайн цIийнада гIенах гар – со гIан тидаран Iилма а, говзалла а йолуш вац, цундела соьга тидалур дац хьан гIан. Делахь а, суна хетарехь, диканиг бен вон хIума дац хьуна иза иштта гар. Нагахь санна хьуна иза ахь тоба динчул тIаьхьа гинехь, ахь динарг дика хIума хилар, иза реза вийр волу хIума хилар гойтуш хила а тарло цо.

АллахIа хьуна ницкъ а, хьуьнар а лойла ялсамани боьдучу новкъа дIайаха!

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

16.09.2009

 

 

 

[1] «Ахьва́лун-ниса́и фил-джаннахI», Шейх Сулайман Ал-Хура́ший. ХIокху хаттарехь кхидIа догIур долу дешнаш а циггара схьаэцна ду, хийцам бан безачахь цхьа кIеззиг хийцам а беш.

[2] Сурат «Аз-Зухруф», 72 айат.

[3] Сурат «А́л Iимро́н», 133 айат.

[4] Сурат «Ан-Ниса́ъ», 124 айат.

[5] Шейх Ал-Алба́ний, «ГIо́йатул-маро́м фи тахри́джи ахьа́ди́сил-хьала́ли вал-хьаро́м», № 375.

[6] Ат-ТIабаро́ний, «Ал-муIджам ас-согIи́р»; Ас-Суйу́тIий, «Ал-джа́миIус-сагIи́р». Имам Ал-Муна́вийс – Дала къинхетам бойла цунах – цу хьадисан маьIна деш, и хIума цхьанне кепара зен хир доцучу агIор хир ду аьлла, хIунда аьлча ялсаманехь цхьаъа зен а, вон а доцу дела. Хьажа: «Файдул-къади́р», 2/557.

[7] Сурат «Ал-Хьиджр», 48 айат.

[8] Сурат «Аз-Зухруф», 71 айат.

[9] Ибн Ма́джахI.