|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Балдий гонаха татуаж йайта мегий? Шарана, шина шарана йо и, цул тIаьхьа дIайолу и.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI. Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Лераме йиша! «Татуаж» йайтаран хьокъехь таханлера Iеламнаха аьлла дешнаш шина кепара карийра суна. Цхьаболчара иза мегар дац аьлла, хIунда аьлча иза «татуировка» санна йолу дела, ткъа «татуировка» йар Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) магийна дац, татуировка йеш йолчу зудчунна а, йойтуш йолчу зудчунна а неIалт аьлла а ду.[1] Цхьаболчу Iеламнаха хьарам дац аьлла «татуаж» йар, хIунда аьлча иза даим лаьтташ йоцу дела, иза дIайо́луш йолу дела. Зудчо шен дегIаца хна лелорах тера ду иза аьлла цара. Цундела, иза билггал хьарам ю олийла дац, делахь а иза ца йайтар гIолий ду аьлла церах цхьаболчара, ткъа вукхара иза йайта мегар ду аьлла, хIокху билламашца: иза дIаер йолуш хилар а, и йеш лелочу хIуманех зен хуьлуш ца хилар а, иза хийра божаршна гур йолчу кепара ца йайтар а, чохь са долу хIуманийн сурт ца диллар а, къаьсттина керста-зударех тарйала лууш йойтуш ца хилар а. Ткъа цхьаболчу наха дийцарехь, и «татуаж» йеш лелочу басарех а, кхийолчу хIуманех а тайп-тайпана цамгарш а, зенаш а хуьлу. Масала, «аллерги» хуьлу боху, чIор дарло боху, иштта кхидIа а. Иза массарна хуьлуш хир дац, ткъа цу балхах зен хуьлучунна шена хуур ду ша́ и хIума лело ца оьший. И зен хилар доцург кхин цхьа хIума а ду цуьнца доьзна: балдашна гонаха и «татуаж» еш санна, цунах тера дина долчу хIумане хьаьжча, цу балхо балдаш чIогIа къастош, балдашна бIаьрг тIехIоттош, царна тIехь бIаьрг соцуьйтуш, балдашна басар хьаькхна долуш санна хоьтуьйтуш хилар билгалдолу. «ЧIогIа кечйелла йара иза» ала мегар долуш хуьлу и хIума дина йолу зуда. Хийра божарий болчу арайолучу хенахь зуда кечйалар дика хIума дац. Иза вай дийцира хьалха хIокху хаттарехь: «Бусалба зудчо шен юьхь тIехь хазаллийна басарш дан мегий?», «Бусалба зуда пудар хьаькхна ара яла мегий?». Цундела, балдашна гонах и «татуаж» йинчул тIаьхьа хьо арахь лелар йолуш елахь, ахь иза йайтар мегаш хир ду аьлла ца хета суна. Амма нагахь санна и «татуаж» оцу кепара юьхь тIехь еш а яцахь, цунах хуьлуш зен а дацахь, и йойтуш ерг марехь зуда а елахь, цо иза шен майрачунна кечйалархьама йойтуш а елахь, тIаккха мегаш хила тарло и йайтар, хIунда аьлча зуда майрачунна кечйалар шарIо лохуш хIума ду, дика лоруш хIума ду. Ткъа дика хуург АллахI ву! 11.01.2011 = 07.02.1432
| КхидIа |