Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Со сайн маьрйишина дашо мухар совгIатана дала дагахь яра, цо иза арахь, шен махьрам воцуш неха стагана хьалха леладахь суна къа-м хир дац? Арахь мухар, йа цхьа дашо хIума гайта мегаш дац аьлла дешнера ас, къемат дийнахь огненный хир ду аьлла! Ларамца София.

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Зудчо шен ши куьг дIахьулдар важиб дац аьлла хеташ болчу цхьаболчу Iеламнаха, хIокху айатан тафсир деш: [Шайн хазалла гуча а ма йоккхийла цара, схьагуш ерг йоцург][1] - аьлла: «схьагуш йолу хазалла» ши куьг а, юьхь а ю аьлла. Имам ТIабарийс (Дала къинхетам бойла цунах), цу айатан тафсирехь даьхкинчу дешнех уггар гIолийниг и ду аьлла, тIаккха ши куьг хьулдан дезаш ца хилча, куьйган пIелгашна тIедухуш долу мохIур а уьзза маьIна долуш ду аьлла.[2] Цу Iеламнахах цхьаболчара оцу айатан тафсир дечу хенахь мохIур а хьахийна, иза «схьагуш йолчу хазаллех» ду аьлла.[3] Ибн Iаббаса а (Дела реза хуьлда цунна) иштта аьлла хилла бохуш дуьйцу цара иза.

Бакъду, ши куьг а, юьхь а дIакъовлар важиб ду аьллачу Iеламнаха а, оцу айатехь лууш йолу «схьагуш йолу хазалла» духар ду аьллачара а, мохIур арахь-гучахь лело мегар дац аьлла. Иза довзуьйту Имам Ибнул-Iарабийс (Дала къинхетам бойла цунах): «Схьагуш йолчу хазаллин хьокъехь кхаа кепара аьлла тайп-тайпана дешнаш ду. Хьалхарниг: иза духар ду аьлла ду. … Иза Ибн МасIуда аьлла (Дела реза хуьлда цунна). ШолгIаниг:  «сурьма» а, мохIур а ду аьлла ду. Иза Ибн Iаббаса а, Ал-Мисвара а аьлла. КхоалгIаниг: иза юьхь а ю, ши куьг а ду аьлла ду. ХIара кхоалгIачуьнан а, шолгIачуьнан а цхьатера маьIна ду, хIунда аьлча «сурьма» а, мохIур а юьхь тIехь а, шина куьйга тIехь а хуьлу. Делахь а, цхьана кхечу агIор къаьсташ ду и ши дош вовших: схьагуш йолу хазалла юьхь а, ши куьг а ду олучо и шиъ гайта мегар ду олу, цаьршинна тIехь «сурьма» а, мохIур а дацахь, ткъа нагахь санна и шиъ тIехь хилахь, юьхь а, ши куьг а дIахьулдан деза олу цара, хIунда аьлча оцу хьолехь иза (царна гергахь) къайлах йолчу (хьулйан езачу) хазаллех хуьлу».[4]

Доьххьара вай хьахийначу Iеламнаха ма-аллара, зуда чура арайолуш цуьнан куьйгахь мохIур хилар къилахь ду аьлла ца хета суна, цундела ахь хьайн маьрйишина дашо мухIар совгIатана делча хьуна къа хир дац, Дала мукъа лахь, мелхо а мел хир бу. Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Вовший совгIат деш хила шу, вовший дезар ду шу».[5]

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

11.04.2010 = ‏26‏/04‏/1431


 

[1] Сурат «Ан-Ну́р», 31 айат.

[2] Имам Ат-ТIабарий, «Джа́миIул-байа́н», 19/158.

[3] Имам Ал-Кийа́ Ал-АлхIарро́сий, «Ахька́мул-къуръа́н», 4/312; Имам Ал-Алу́сий, «Ру́хьул-маIа́ни́», 9/335; Имам Ибн Каси́р, «Тафси́рул-къуръа́нил-Iази́м», 6/45.

[4] Имам Ибнул-Iарабий, «Ахька́мул-къуръан», 6/36.

[5] Ал-Бухарий, «Ал-адабул-муфрад»; Ал-БайхIакъий.