|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум ва рахьматуллахIи ва баракатухI! Бехк ма биллалаш суна. Хоттуш, дуьйцуш хаза дацахь а, цхьа хаттар дара сан. Зина дина волу кIант, ша лелийначух дохко ваьлла велахь, цуьнга маре яха мегий? Дела реза хуьлда!
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Зина дарна дохковаьллачуьнга маре яха мега. Иза вай дийцира жимма хьалха хIокху хаттарехь: «Зина динчо зина динарг бен яло ца мега?» ТIаккха, хIара хIума важиб дацахь а, хIетте а и кIант ша лелийначунна билггал дохковаьлла хилар довза хьаьжча дика хила мега, тIаьхьлонна шена доьзалехь бохам ца хилийтархьама. Ткъа муха хуур ду иза дохковаьлла хилар а, цо баккъалла тоба дина хилар а? Цуьнан кхидIа йолчу хенахь леларца хуур ду: иза ламаз лар деш велахь, маьждиге воьдуш велахь, хийра зударшца уьйр латтош вацахь, шен дахар шен ма-хуьллу бусалба динца нисдан гIерташ хилар гуш делахь, иштта кхидIа а. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 23.12.2009 - 1431.01.07
| КхидIа |