Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Каково постановление шариата о муже или жене, совершивших зина? аннулируется ли их брак? сегодня за это смертную казнь не применяют в россии. если муж или жена совершат зина, распадается ли их брак?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Зинá дар уггар даккхийчу къинойх цхьаъ ду. Адамийн дахар талхочу уггар даккхий а, уггар боьха а бахьанех а ду иза.

Лекха хинволчу АллахIа аьлла бусалба нахе:

[Зинáна герга а ма гIойла шу, бакъдолуш иза – боьхалла а ю, вон некъ а бу].[1]

Делан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Зинá дечо зинá дийр дац ша ийман чохь а волуш; къола дечо къола а дийр дац ша ийман чохь а волуш; къаьркъа молчо иза а мер дац ша ийман чохь а волуш».[2]

«Сан уммат дикаллехь лаьттар ду цунна юкъахь зинá даржжалц, ткъа нагахь санна цунна юкъахь зинá даржахь – АллахIа уьш берриге юкъахьовзо герга ду Шен Iазапана».[3]

«Цхьана нахана юкъахь зинá а, рибá а даьржар дац, цара шайна тIе АллахIан Iазап дожийна бен».[4]

Зинá оццул боьха доллушехь, иза доккха къа а доллушехь, нийса бина болу захалонан мах и бахьана долуш бухуш бац, стагна а, зудчунна а юкъахь нийса кхоллаелла доьзалан уьйр а и бахьана долуш галйолуш яц. Шейх ВахIбахI Аз-Зухьалийс аьлла: «Iелам-нехан бартхилла хIума ду, нагахь санна цхьана зудчо стагца зинá дахь, йа цуьнан майрачо зинá дахь, захалонан мах галболуш ца хилар».[5]

Зинá динчо цIенчу даггара, баккъалла а долу тоба дан деза, кхин оцу вочу хIуманна тIе ша юхавоьрзур вац аьлла сацам а беш, Деле даггара гечдар а доьхуш. Нагахь санна цо иштта тоба дахь, зинá дарна хIоттийна долу Делан таIзар цо шена тIехь чекх ца кхочуш ца хилийтича а и къа тIера долу цунна. Уггар коьрта дерг – тоба баккъалла а хилар ду. Цо баккъалла а тоба дахь – иза тоьар ду цунна, эхартахь Iазап ца хилийта.[6]

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIа аьлла:

[Ахь ала (Соьгара Сан лайшка): Дозанал тIехдовларца шаьш шайна зен дина долу хIай Сан лайш! АллахIан къинхетамах дог ма дуьллийла аш! Бакъдолуш, АллахIа гечдо массо къиношна! Бакъдолуш, Иза гечдеш верг а, къинхетам беш верг а ву].[7]

Делан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Бакъдолуш, лекха хинволчу АллахIа буьйсанна Шен куьг (дIадаржадо) кховдадо, дийнахь вон леллачуьнга тоба дайтархьама; дийнахь а Шен куьг (дIадаржадо) кховдадо Цо, буьйсанна вон леллачуьнга тоба дайтархьама; (иштта хир ву Иза) малхбузенгара малх хьалабаллалц».[8]

Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – кхин а аьлла: «Тоба даро дIадойъу шел хьалха хилларг».[9]

 

Ткъа, дика хуург АллахI ву!

 

17/05/2008


 

[1] Сурат «Ал-Исрóъ» 32 айат.

[2] Бухари, Муслим.

[3] Ахьмад.

[4] «Сохьúхьут-ТаргIúби ват-ТархIúб», Ал-Мунзирий – Ал-Албáний.

[5] «Ал-ФикъхIул-Ислáмий ва АдиллатухI», 9/143, Шейх ВахIбахI Аз-Зухьайлий.

[6] «Фатáвá Ас-Субукий», 2/523, Имам Ас-Субукий.

[7] Сурат «Аз-Зумар» 53 айат.

[8] Муслим.

[9] Муслим.