|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум Олхазар! Ламаз дина ваьлча доккхуш долу тасбихь язде сурат Фатихьат тIе кхаччалц.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Ламаз динчул тIаьхьа, салам делча, "АстагIфируллахI" [1] - эра ду кхозза. ТIаккха кхидIа хIара доьшур ду: "АллóхIумма антассалáму ва минкассалáм, табáракта йá залджалáли вал-икрóм. Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр. АллóхIумма лá мáниIа лимá аIтIойта, ва лá муIтIийа лимá манаIта, ва лá йанфаIу залжадди минкал-джадд".[2] "Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр. Лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхI, лá илáхIа иллаллóхIу ва лá наIбуду иллá иййáхI. ЛахIунниIмату, ва лахIулфадлу, ва лахIуссанáул-хьасан. Лá илáхIа иллаллóхIу мухлисúна лахIуддúна ва лав карихIал-кáфирýн".[3] Áйатул-курсий доьшур ду: "АллóхIу лá илáхIа иллá хIувалхьаййул къоййýм, лá таъхузухIý синатуввалá навм, лахIý мá фиссамáвáти ва мá фил ард, манзаллазú йашфаIу IиндахIý иллá биизнихI, йаIламу мá байна айдúхIим ва мá холфахIум, ва лá йухьúтIýна бишайъиммин IилмихIú иллá бимá шáа, васиIа курсиййухIуссамáвáти вал ард, ва лá йаýдухIý хьифзухIумá, ва хIувал Iалиййул Iазúм".[4] "СубхьáналлáхI" [5] - 33-зза эр ду. "АлхьамдулиллáхI" [6] - 33-зза эр ду. "АллóхIу акбар" [7] - 33-зза эр ду. БIе зикр хьаладузуьйтуш хIара эр ду: "Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр".[8] Iуьйра а, маьркIижа а шина ламазал тIаьхьа кхокх-кхозза доьшур ду хIара сураташ, дисинчу парз-ламазел тIаьхьа цкъа доьшур ду: [Къул хIуваллóхIу ахьад…] [Къул аIýзу бироббил-фалакъ…] [Къул аIýзу бироббиннáс...] ХIара зикр Iуьйра а, маьркIижа а шина ламазал тIаьхьа иттозза доьшур ду: "Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду йухьйú ва йумúту ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр".
Оцу тасбихьан баххаш вай дийцира хьалха кхузахь: «Тасбихь даран баххаш». ТIаккха, и тасбихь динчул тIаьхьа, шена луучо доIа дийр ду. Цунах лаьцна вай дийцира хьалха хIокху хаттаршкахь: «Парз ламаз динчул тIаьхьа доIа деш ши куьг хьалаайдар». «Ламазал тIаьхьа муьлха доIа дан мегар ду?». Хаттар юкъахь «сурат Фатихьат тIе кхаччалц» бохург доIа динчул тIаьхьа и сурат дешар ду, цунах лаьцна вай дийцира кхузахь: «ДоIа динчул тIаьхьа "Фатихьа" дешар». Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 21/08/2010 = 11/09/1431 [1] «АллахIе гечдар доьху ас». [2] «Йа АллахI! Хьо массо кхачамбацарех маьрша верг ву, маршо Хьоьгара а ю, беркате ву Хьо, хIай сийлахьаллин а, комаьршаллин а да верг. АллахI воцург кхин дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву. Йа АллахI! Ахь делларг сацо а, духатоха а цхьаъа вац, Ахь сацийнарг дала а цхьаъа вац, дуьненан ирс долчунна цуьнан ирсо цунна пайда а бийр бац, ткъа, ирс Хьоьгара ду». [3] «АллахI воцург кхин дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву. Ницкъ а бац, гIора а дац АллахIера доцург. АллахI воцург кхин дела вац, Цунна цхьанна бен вай Iибадат деш а дац, ниIмат а Цуьнан ду, дозалла а Цуьнан ду, хаза хестор а Цуьнан хьакъ ду, АллахI воцург кхин дела вац (олу вай), цIенчу даггара, Цуьнан доьхьа, керста нахана иза цадезахь а». [4] ×АллахI – Иза воцург кхин дела вац, дийна верг ву Иза, даим волуш а ву Иза, наб озор а ца хуьлу Цуьнан, наб кхета а ца кхета Цунна, Цуьнан ду стигланашкахь а, лаьтта тIехь а дерг, мила ву Цунна гергахь шафаIат дийр дерг, Цуьнан пурбанца бен? царна хьалха дерг а хаьа Цунна, царна тIехьа дерг а (хаьа Цунна), Цуьнан Iилманах цхьаъа хIума ца хаьа царна – Цунна лиънарг бен, стигланаш а, латта а чулаьцна ду Цуьнан «курсий», и шиъ лардаро хало а ца йо Цунна, лекха верг а, воккха верг а ву ИзаØ. [5] «ЦIена ву АллахI». [6] «Хастам бу АллахIана». [7] «Массо хIумнал воккха ву АллахI». [8] «АллахI воцург кхин дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву».
| КхидIа |