|
|
| Видео |
|
Хаттар:
Ассаламу Iалайкум сан лераме
ваша. Цхьа хаттар дара сан, бегIийла ца хетташехь, ца хаьттича ца волу со,
суна бехк ма билла.
Жоп: БисмиллахIир-рохьманир-рохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Керла ялийначу зудчуьнца доьххьара цхьаьнакхетачу хенахь а, эвхьаза гIуллакх хуьлуьйтуш йолчу муьлхха а кхийолчу хенахь а лелийча дика долу суннаташ а, бусалба гIиллакхаш а доцца дийцича иштта ду: 1) Ша шен хIусамненаца доьххьара цхьаьнакхетча, ша цуьнца виссича, цуьнга хаза вистхила веза, цуьнан эхьхетар лахдалийтархьама. Мала хи кховдийна а, йа цхьа юухIума кховдийна а, жимма цуьнан дог тедан деза. 2) Зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хилале хьалха цуьнан хьаж тIе куьг а диллина, "БисмиллахI" (АллахIан цIарца) а аьлла, Деле цуьнах беркат дар а дехна, тIаккха хIара доIа дан деза: "اللَّهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ خَيْرَهَا، وَخَيْرَ مَا جَبَلْتَهَا عَلَيْهِ، وَأَعُوذُ بِكَ مِنْ شَرِّهَا، وَشَرِّ مَا جَبَلْتَهَا عَلَيْهِ". "АллóхIумма иннú асъалука хайрахIá, ва хайра мá джабалтахIá IалайхIи, ва аIýзу бика мин шаррихIá ва шарри мá джабалтахIá IалайхIи". МаьIна: "Йа АллахI! Ас хIокхуьнан дика а доьху Хьоьга, Ахь кхуьнца кхоьллина долу дика а доьху Хьоьга. Со Хьоьца ларло хIокхуьнан вонах а, Ахь кхуьнца кхоьллина долчу вонах а". 3) Майрачо а, зудчо а, "ши ракаIат суннат ламаз дан ниййат до ас" аьлла ниййат а дина, цхьаьне жамаIатца ши ракаIат суннат ламаз дар суннат ду. 4) Шен зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хила долалучу хенахь хIара доIа дан деза: "بِسْمِ الله، اللَّهُمَّ جَنِّبْنَا الشَّيْطَانَ، وَجَنِّبِ الشَّيْطَانَ مَا رَزَقْتَنَا" "БисмиллáхI, аллóхIумма джаннибнáшшайтIóна, ва джаннибишшайтIóна мá разакътанá". МаьIна: «АллахIан цIарца! Йа АллахI! Тхойшиъ шайтIанах лар де Ахь, Айхьа тхойшинна лур долчу берах а шайтIа генадаккхе, иза а шайтIанах лар де Ахь». 5) Зудчуьнан бер хуьлучу меттехь эвхьаза гIуллакх хила мегар ду, муьлхха агIор а, муьлхха кепара а. Доккхачу гIуллакхана арайоьдучу меттехь эвхьаза гIуллакх хилийтар доккха хьарам ду, вон къа а ду. 6) Зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хиллачул тIаьхьа лийчар тIедужу майрачунна а, зудчунна а. И лийчар тIерадаллалц ламаз дан а ца мега, Къуръан деша а, цунах Iоттавала а ца мега, маьждиг чохь Iен а ца мега, тIаваф дан а ца мега. 7) Цхьана буьйсанна шозза, йа кхин а сов эвхьаза гIуллакх хуьлуш хилахь, цу шинна юкъахь ламаз эцча дика ду, лийчича кхин а дика ду, делахь а парз дац царна юкъахь ламаз эцар а, лийчар а. Эвхьаза гIуллакх хиллачул тIаьхьа лийча а ца луьйчуш дIавижа мега, делахь а дIавижале хьалха ламаз эцча дика а ду, мелехь а ду, ткъа ламаз ца оьцуш дIавижар дика лоруш дац. ХIетте а, дIавижале ламаз иэцар парз дац, ламаз ца оьцуш дIавижар къилахь дац. Ткъа, лийча а ца луьйчуш дIавижахь, Iуьйра ламазана ша хьалагIаьттича лийча веза. 8) Майра а, зуда а цхьаьне лийчар мегаш ду, цаьршинна вовшийн дерзина долуш гар а мегаш ду. 9) Зудчуьнан беттан рожехь «хьайд» хуьлучу хенахь (цIий догIучу хенахь) цуьнца эвхьаза гIуллакх хилийтар хьарам ду, мегаш дац. Иза цунах цIанйеллачул тIаьхьа бен цуьнца эвхьаза гIуллакх даийта мегар дац. 10) Майрачо а, зудчо а шаьшшиъ (эвхьаза гIулкхана) цхьаьнакхетачу хенахь ниййат дан деза, хьарам долчу хIуманах шаьшшиъ лардалийта цхьаьнакхе́та шаьшшиъ аьлла. Цаьршимма иштта ниййат дахь, цаьршинан доьзалан гIуллакх а, эвхьаза гIуллакх а цаьршинна меле хир ду. 11) Майрачо а, зудчо а нахе дийца а, хьехо а мегар дац шаьшшинан эвхьазчу дахарехь хуьлуш дерг. Шаьшшимма вовший марзо иэцарца доьзна долу хIуманаш нахе дийцар къилахь ду. «Доьзалан къайленаш» нахе хьехор къилахь хиларал совнаха, оьзда хIума а дац иза. Къаьсттина чIогIа иза лардан деза зударша: шайлахь хIуъа дийцича а, хьехийча а эхь дац, къа а дац моьттуш хIуъ-хIуъа дийца мегар дац. 12) Шен зудчуьнца дика хила веза майра, Дала хьанал динчу хIуманна тIехь цунна гIоьнча хила а веза иза. Цуьнгара долучу хIуманна сихвала ца веза, оьгIаз иха а ца веза. 13) Майра а, зуда а лардала деза Далла Iеса хиларх, шаьшшинан доьзал Дала ма-бохху хьалакхио беза цаьршима, Дела реза волчу хIуманна вовший гIоьнчий хила а деза и шиъ, майрачо зудчуьнан хьакъ а лардан деза, зудчо майрачуьнан хьакъ а лардан деза. Иза дуьйцуш дуккха айаташ а, хьадисаш а ду, асхьабийн а, Iелам-нехан а дешнаш а ду. И гIиллакхаш дерриге жимма боккхачу чулацамца вай дийцина хIокху аларехь: "Доьзал цхьанакхетаран гIиллакхаш". Цу тIехь хьахийна ду оцу хIора гIиллакхан тешалла ларалуш долу хьадис. Цундела, иза деша деза ахь. Амма и буьйса масолгIа хила еза аьлча – иза шариIатехь хадам болуш хIума дац, хьайна а, хьайн доьзална бегIийла ерриг хилийта мегар ду иза, хьайна лаахь сихвала а мегар ду, хьайна лаахь жимма тIаьхьататта а мегар ду, масала цхьа масех денна, зуда хьайх йолийтархьама. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 28.10.2009
| КхидIа |