|
|
| Видео |
|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Имам Абу Шуджа́Iа – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Закат луш волчо ша́ кхаба безаш болчарна закат лур дац, уьш къен бара аьлла, йа миска бара аьлла лур дац цо». Цуьнан маьIна деш, Имам Такъиййуд-Ди́н Ал-Хьиснийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «ХIунда аьлча, цо царна напха латторца царна тоам хуьлуш болу дела. ... Ткъа иза иштта дала а, хьаиэца а ца магар – цара латточу напханца царна тоам хуьлуш белахь дерг ду. Амма нагахь санна цунах тоам хуьлуш бацахь – цунна мегар ду закат схьаиэца, майрачо латточу напханах кхачам ца хуьлуш йолу зуда иза елахь а. Ал-Къаффа́ла аьлла: масала и зуда цомгаш хилар бахьана долуш цунна кхачам хуьлуш бацахь, йа иза дукха яахIума юуш хилар бахьана долуш, йа цу зудчо напха латто дезаш цуьнан цхьа гергарниг хилар бахьана долуш – иштта хьолашкахь цо закат схьаиэца мегар ду. ... (Имам Абу Шуджа́Iа аьлла долчу) хIокху дешнаша: «уьш къен бара аьлла, йа миска бара аьлла лур дац цо» - цара гойтуш ду оцу шина цIарца а доцуш, кхечу цIарца цара закат схьаиэца мегаш хилар, масала закат тIехь болх беш хиларца а, декхарийлахь хиларца а, иштта кхидIа берш а. Нагахь санна и цIе шайна йогIуш уьш белахь, цаьргахь и куцош долуш делахь, тIаккха мегар ду царна закат схьаиэца. Ткъа дика хуург АллахI ву».[1] Цундела, закат шен зудчунна дIадала мегар дац, иза миска елахь а, нагахь санна ша цунна латточу даьхних (напханах) цунна кхачам хуьлуш белахь. Закат зудчунна дIадала мегар ду нагахь санна цунна цу даьхних кхачам хуьлуш бацахь, масала цунна шенна хIора баттахь латтийча тоам болуш дерг итт туьма хилча, делахь а цуьнан ша́ цхьаъ йиссина къена нана елахь, иза шен нене хьажар важиб хуьлу, цо оцу итт туьманах цхьадерг шен ненан хьашташна дIахьажийча бухадиссинчух цунна шена кхачам ца хуьлу. Кхин а закат шен зудчунна дIадала мега нагахь санна цунна тIехь майрачо дIадалар важиб доцу декхар делахь, и декхар дIадала цуьнан аьтту а бацахь.[2] Оцу кеппара, къелла а, мискалла а йоцург, закат шайна кхачош долчу кхидолчу ялх бахьанех цхьа бахьана оцу зудчуьнца нислахь, цунна закат дала мегар ду майрачо. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 12.07.2009 [1] Имам Такъиййуд-Ди́н Ал-Хьисний, «Кифа́йатул-Ахйа́р», 1/195. [2] Майрачо зудчунна тIера декхар дIадала маца деза, маца ца деза вай дийцира хIокху хаттарехь:
|