|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! 80 грамм деши далахь, цунах закат дала деза олуш хезан суна, иза бакъ дуй?
Жоп: БисмиллахIир-рохьманир-рохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Зудчо хазаллийна лелош доцучу дешийна тIера закат дала деза, нагахь санна иза 85 грамм бараме кхочуш делахь. Шира барамаш а, бустамаш а таханлера керла барамашца нисбеш яздинчу жайнашкахь билгалбен дешин барам 85 грамм бу – деши тIера закат дала деза 20 динаран барамехь деши делахь, ткъа, цхьа динар 4.25 грамм ларалуш ду, 20 × 4.25 = 85. [1] Амма нагахь санна деши зудчо шена хазаллийна лелош делахь, дукхах болчу Iелам-нахана гергахь цунна тIера закат дала ца деза, и лакхара барам цуьнан кхочуш хилла белахь а. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 24.10.2009
| КхидIа [1] Шейх Юсуф Ал-Къарда́вий, «ФикъхIуз-закат», 1/222-223; Шейх Iалий ДжумуIахI, «Ал-мака́йи́л вал-мава́зи́н ашшарIиййахI», 19, 74; ГIолиб Мухьаммад, «Мулхьакъул-мава́зи́н вал-мака́йи́л вал-атIва́л» («МинхIа́жут-тIо́либи́н», Дарул-МинхIа́дж), 687.
|