|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Олхазар, закатах лаьцна цхьа хаттар дара сан, стега ша чохь Iашверг доцуш кхи цхьа цIа а ду, иза цо дIадоьхкича, шена тIера декхарш дIаделча цуьнан буха кхи а ахча дуьсу, цу тIера закат догIи?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Закат догIу нагахь санна и ахча цуьнан дола даьллачул тIаьхьа дуьйна цхьа шо а дуьзнехь, иза закатан барамехь кхочуш а делахь (85 грамм деши). Масала, 2008 шеран май баттахь 23 терахьца цIа дIа а доьхкина, ахча схьаийци цо, шена тIера декхарш дIа а дели цо. Маца хуьлу цунна тIехь закат важиб? ТIедогIучу шеран (2009) 23 май кхаччалц цуьнан долахь и ахча лаьттинехь, оцу ахчанна тIера 2.5 % закат дала деза цо 2009 шеран 23 майхь, нагахь санна иза закатан бараме кхочуш делахь (85 грамм деши). ХIетталц тIехь дац цунна закат далар, бакъду, шена лаахь цу хене а ца хьоьжуш хьалхатеттина дала а мегар ду цо иза. Ткъа дика хууш верг АллахI ву!
30.08.2008
|