Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Бусулба динехь магош дуй шен хIусумнена шича ялор? ХIусумненан ненан агIор йолу шича ю юьйцуш ерг. Шена тIехь да-нана доцуш йоI ю иза.

Кхин цхьа хаттар дара сан: нохчаша магош дуй и санна дерг, нохчийн Iадато?

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

ХIокху хаттаран вайна ма-гарра ши да́къа ду, цундела жоп шина декъехь хир ду вайн:

Доьххьара, вайна хаа деза стун-шича ялоран ШарIехь долу хьукма.

ШарIо  билгалбаьхна бу бусалба стагана бало хьарам болу зударий. Царех яц стун-шича. Цундела вайн бакъо яц стун-шича ялор Бусалба динехь хьарам ду ала. ШарIо, шайна лаахь дан а, йа шайна ца лаахь ца дан а адам шен лаамехь дитинчу хIуманех ду стун-шича ялор. Иштта ШарIо адамийн лаамех доьзна дитина долу хIума, дича къа хуьлуш дац, йа дича дика ду аьлла а дац, ца дича къа хуьлуш дац, йа ца дича дика ду аьлла а дац. Ткъа шарIо иза иштта нехан лаамах доьзна дитаран бахьана хIун ду аьлча, нахана шайн хьелашка, шайн Iадаташка, шаьш Iачу махке, шаьш долчу замане хьаьжжина, шайна маслаIате дерриг лело аьтто хилийтар ду.[1]

ШолгIа, вайнехан Iадатехь дуй-те и санна долу захало лелаш.

Вайнехан Iадатехь лелаш дац шен хIусамнанна тIе цуьнан шича ялор, йа шен хиллачу хIусамненан шича ялор.

Цундела, вай лакхахь дийцинчунна тIедоьгIчи, иштта долу захало ца дар гIолехь хета тхуна. ХIунда аьлча стун-шича ШарIо яло тIедиллина ца хилча, йа иза ялор дика ду аьлла хьехийна ца хилча, иза адамийн лаамца доьзна хIума хилча, оцу хьолехь Iадатехь лелаш дерг схьаэцар ШарIо магош, къобул деш долчу хIуманех долу дела.[2]

Вай кхечу агIор хьевсича, гергарлонах хьакхалуш агIо а ю хIоккхехь: зудчунна тIе цуьнан шича ялийча, цаьршинна юкъахь долу эмгаралла бахьанехь церан гергарло хердала тарло, ткъа ШарIо коьрта лерина терго ечу хIуманех ду наха шайн гергонаш чIагIдеш, лардар, уьш хеда ца дар.

Цундела, лераме ваша, ахь иза ца ялийча цунна хир долуш зен дацахь, ахь оцу йоIана дика меттиг а лехна, иза дикчу нехан хIусаме дIатарйар ШарIана гергахь ме́лехь долуш, вайнехан Iадатехь гIилкхе долуш, маслаIате хила тарло аьлла хета тхуна.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

 

Жоп делларг: Я́удан Денисолтан Зубайр

Жоп чIагIдинарг: Олхазар

12.12.2012 = ‏28‏.01‏.1434


 

[1] Бусалба динехь Iадатан меттигах лаьцна довза луург хьажа: Адаман Султанан Олхазар, «ШарI а, Iадат а».

[2] Хьажа, масала, иштта ларалуш долчу шича-махчалахь захало дарна деллачу жоьпе: «Шича-махчалахь захало дар».