Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Суна хезна аренца (малхбузехьа) дуьйш долу цхьацца долу дийнаташ (уьстагIий, иштта бежанаш хила а тарло) хьалха ток а тухий, сихха 2-3 секондехь урс хьокха олуш.
1) Суна хазарехь, и уьстагI ток тоьхначул тIаьхьа оцу 2-3 секондехь урс хьаккхалц леш бац бах, шеко ялахь а...
2)  Я масала, и уьстагI ток тоьхначул тIахьа бели, тIаккха урс хьаькхна цIи охьадохуьйта (датанза далахь), иза муха хуьлу?
Ткъа ишттачу хьолехь дийна долу дийнат (жижиг) шарIехь магош дуй бусулба стагана даа?
Баркалла.

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

1) Дийнат дуьйчу хенахь цунна ток тохар шина кепара хила йиш ю:

1. Доьхьало ца йайта, дегI дахош ток тохар. Ишттачу хьолехь дийнат и ток тоьхначул тIаьхьа йала а ца ле, йа йаларан хьоле а ца йоьрзу, мелхо а жимма хан яьлча метта а йогIий, хьалха санна долчу шен дахарца еха.

2. Дийнат дуьйш, иза далийтархьама ток тохар. Иштта ток тоьхна долу дийнат кхин метта ца догIу, сихха лахь а, йа жимма хан яьлча лахь а дала а лей дIадолу.

Доьххьаралера хьолехь, цкъа ток а тоьхна, доьхьало йийр йоцучу кепара и дийнат гIел а дина, тIаккха цунна урс хьаькхча – цуьнан жижиг даа мегаш ду. ШолгIа кепара ток тоьхна дуьйш долу дийнат даа мегаш дац.

2) Ток тохар бахьана долуш лечу хьоле даьлла долчу дийнатана урс хьаькхна хилча а иза даа мегаш ца хилча, деллачул тIаьхьа урс хьаькхна дерг маггане мегар дац.

Иза юкъарчу маьIнийца доьзна дерг ду, ткъа и дуьйш долу дийнат хIора махкахь билггал муха дуьйш хаар – иза кхин хIума ду, цу махкахь вехачу бусалба стеган декхар ду иза.

Ткъа малхбузенан пачхьалкхашкахь духкуш долчу жижигах лаьцна вай дийцира хьалха хIокху хаттарна деллачу жоьпехь: «Керстан пачхьалкхехь жижиг даа мегар ду йа дац?»

Ткъа дика хуург сийлахь-веза волу АллахI ву!

13.05.2011 = ‏10‏.06‏.1432