Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Керста динехь йолу зуда яло мегаш дуй? Дела реза хуьйла хьуна.

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Керста-зуда бусалба динехь яло мегаш ду, нагахь санна нахаца леларан боьхалла а цуьнца яцахь, иза «жайнин охIлунах» (жуьгтий, йа христианка) а елахь. Делахь а, цхьаболчу Iеламнаха аьлла, царна диссийна долу жайнаш хийцале хьалха хилла болу зударий бу и мегаш берш, церан дин Бусалба динца дIаайдале хьалха дуьйна дин лелош хилларш бу уьш. Кхин а, массо Iеламнехан барт хилла хIума ду, бусалба зуда ялор керста зуда ялорал а гIолий хилар, деза хилар. Бусалба а йолуш а, лай а йолуш йолу зуда гIолий ю шуна Делаца накъост веш а йолуш маьрша йолчу зудчул а, шуна иза мел хаза хетахь а, боху вайга сийлахь АллахIа.[1] АллахIах а, Мухьаммад пайхамарх а (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) тешаш болу божарий а, АллахIах а, Мухьаммад пайхамарх а (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) тешаш болу зударий а вовший гергара бу боху вайга сийлахь АллахIа.[2] Айхьа зуда лохучу хенахь, дин долуш ерг лаха бохуш хьехар до вайна вайн сийлахь Пайхамара а (Делера салават а, салам а хуьлда цунна).[3]

Цундела, керста-зуда ца ялор дика а ду, гIолий а ду, хIунда аьлча, цкъа делахь цхьаболчу Iелам-наха таханлера керста-зударий ба́ло́р ца магадо; шолгIа делахь цуьнца бинчу доьзалх лар тIехь хила ма-безза доьзал ца хуьлу дуккха а хьелашкахь; кхоалгIа делахь нагахь санна и стаг вайн махкахь, вайн нахана юкъахь вехар волуш велахь, мелла а халонаш хир ю цунна шена а, цу зудчунна а, ткъа иза бусалба боцучу махкахь вехар велахь къаьсттина оцу стагана халонаш хир ю динца а, Iадаташца а, бераш динехь а, оьздангаллехь а, гIиллакхехь а кхиорехь а; доьалгIа агIор аьлча, цуьнан бераш кхио езарг и хир ю, ткъа нагахь санна цо бусалба дин тIе ца лацахь, йа цо шен амалш ца хийцахь, цо берашна вон Iаткъам бийр бу; пхоьалгIа агIор аьлча, таханлера зуда хьалхалера зударий санна яц, хIунда аьлча дешарца а, балхаца а, дуккха а бакъонаш хиларца а борша стагал хьалхе йолуш ю иза, борша стага бохучунна муьтIахь хилар бохург кIеззиг долуш ю, къаьсттина чIогIа ду иза бусалба доцучу мехкашкахь, цундела, борша стагехь йолчу бусалбаллийна а, цуьнан берийн бусалбаллийна а тIехь толам хила мега оцу зудчуьнан керстаналлин. Цул совнаха, нагахь санна цу зудчо бусалба дин тIе ца лацахь, еллачул тIаьхьа иза бусалба нехан кешнашка дIайолла мегар дац, ткъа цунах хена яхалла церан берашна чIогIа цатам а, сингаттам а, хало а хир ю.

Кхин а цхьа агIо а ю иза дика ца хиларан, йа вай иза ма де ала догIуш хиларан: вайнаха керста-зударий ба́ло́р даржахь, йа совда́лахь ( Европера хезаш долчу хабаршца и хIума цигахь иштта хуьлуш долчух тера ду тахана), шайн махкара шайн къомах болу бусалба зударий ба́лор лахлур ду, тIаккха и вайн къомах болу бусалба зударий йа кхечаьрга маре уьхур бу (иза а тахана хуьлуш ду, делахь а бусалба хилчахьана дукха доккха хIума дац иза, йа къилахь хIума а дац, кхетам а, гIиллакх а, Iадаташ а цхьатера доцучара вовший захалонаш ца дар гIолий делахь а), йа харцахьа лела буьйлалур бу, йа белла дIабовллалц доьзал боцуш халонехь ба́ха дезар ду. Ткъа и тIаьххьара ши хIума хилар вуно вон хIума ду, динехь дика лоруш хIума дац.

Иштта оцу гIуллакхан жамIаш а, тIаьхьло а дика ца хиларна, таханлера цхьаболчу Iеламнаха мегар дац олу таханлерачу хьолехь керста зударий ба́лор. Цундела, вай а олу вайх дагаволуш волчуьнга: керста зуда Iадйита, хьайн къомах йолу бусалба зуда ялайе, сийлахь а йолуш, цIена а йолуш, хьан доллу дин а, Iадат а, гIиллакх а, кхетам а, оьздангалла а йолуш йолу. Цхьа цаторийла йолуш волчо, нахаца леларан боьхалла йоцуш ерг ялор ша́ ду, хIунда аьлча цаторийла хилча шариIато атта деш ду дуккха а хIума. Вуьшта, ма ялае олу вай.

ХIара хьахаделлачара, хIокхуьнца доьзна долу дела, чохь маре бахийта безаш йоIарий болчу дайшка а кхайкхам бо вай: шайн йоIарий маре бахар даз ма де, иза чIагI а ма де, хала а ма де. Зуда маре йахар хала дича, цуьнан тIаьхьло чIогIа вон хуьлу. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ма-аллара, динна а, гIиллакхана а шаьш реза долуш волу стаг шайга дехаре веъча, шайн йоIарий дIабахийта, аш и ца дахь шуна юкъахь бохам баьржар бу, зен даьржар ду, вон даьржар ду. Цу зенах а, бохамах а ду, масала, шайн йоIарий лаккхарчу урдонах «бухкуш» болчу наха лелош дерг бахьана долуш, таханлера цхьадолчу Iаьрбийн мехкашкахь дуккха а зударий къанлуш бу марехь боцуш. Ткъа иза уггар хьалха оцу зударшна чIогIа вон хIума ду, доьзал боцуш кхиар цунна ла́н хала хIума ду. Цу зенах а, бохамах а ду, шен къомах болу зударий базбала буьйлабелча, доьзале хьашт долуш волчу жимчу стага кхиболу зударий балош хилар, керста зударий балош хилар. Цу зенах а, бохамах а ду, масала, маре йахаза йолу зуда харц некъа тIе йолуш хилар, и бахьана долуш адамашна юкъахь зина́ даржар. Цундела, шайн йоIаршна дика хилийта шайна лаахь, динца а, гIиллакхца а дика волчуьнга дIалуо шайн йоIарий, шортта урдо а, там-мах а лур берг ва́ллалц ца Iаш. Яхийтар атта хилийта, йитар хала хилийта. Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Уггар дика захало дар (зуда ялор а, яхийтар а) – уггар аттаниг ду».[4] Цундела, зуда ялор-яхийтар атта де, йитар хала де, Бусалба дино вайна гайтаре терра.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

04.03.2011 = ‏29‏.03‏.1432


 

[1] Сурат «Ал-Бакъарат», 221 айат.

[2] Сурат «Ат-Тавбат», 71 айат.

[3] Бухарий, Муслим.

[4] Абу Давуд, Хьаким, Ибн Хьиббан.