|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Турцехь котамаш ток етташ йойъаш ю бохуш хезнера суна. Уьш йаа мегаш хуьлийтехьа?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Ток тухуш котам ер шина кепара хила йиш ю: 1) доьхьало ца йайта, дегI дахош ток тохар (ишттачу хьолехь котам и ток тохарх йала ца ле, мелхо а жимма хан яьлча метта а йогIий, хьалха санна долчу шен дахарца еха; иштта ток тоьхначул тIаьхьа котамна урс хьокху); 2) котам ялийтархьама ток тохар (иштта ток тоьхча котам кхин метта ца йогIу, йала а лей дIайолу). Доьххьаралера хьолехь, цкъа ток а тоьхна, тIаккха урс хьаькхна йийна йолу котам яа мегаш ду. ШолгIа кепара ток тоьхна юьйш йолу котам яа мегаш дац. Цундела, нагахь санна оьцуш йолу котам шолгIачу кепара ток тоьхна йийна хилар билггал делахь, иза яа мегар дац. Ткъа иза билггал иштта йийна ю йа яц хаа хала хир ду. Цундела, Турцехь юхкуш йолу котамаш яа мегар ду йа дац хаархьама цигарчу Iелам-нахе хатта деза, билггал долу жоп цаьргара хила деза. Турцехь дуккха а дешна нах а бу, Iелам-нах а бу, бусалба нехан цхьанакхетараллаш а ю, цаьрга хатта деза и хаттар. ТIаккха цара яа мегар ду бахахь – яа мегар ду, дац бахахь – мегар дац. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 08.01.2010 - 1431-01-22
| КхидIа |