Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Доккха дехар дара сан хьога, Олхазар: Ламаз оьцуш хIора меже юьлуш доьшаш долу доIанаш яздар (уьш йуьлу очередность а). Иштта ламаз деш, мича меттахь хIун айаташ деша деза а, салам делла ламаз дIадерзийначул тIаьхьа доьшуш долу доIа яздар а.
Дала дикинца бекхам бойла хьуна!
Дела реза хуьлда!

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Лераме йиша! Ламаз оьцуш хIора меженаца деш долу доIанаш довза а, церах лаьцна Iелам-наха олург довза а хьан аьтту хир бу Дала мукъа лахь кхузахь:

Нисваларан юьхь жайни тIера «Ламаз иэцаран гIиллакхаш» цIе йолу да́къа. Ламаз оьцуш доIа дар хьадисан Iилманца таллар

ХIора меженна доIа деша хьо лууш елахь, цу юкъара хьуна уггар гIолий дерг «ашхIад» дешар хир ду аьлла хета суна, хIунда аьлча дагахь Iамо ца оьшуш хууш хила декхар ду хьуна иза, ткъа важа долу доIанаш Iамош йоккхур йолу хан нийса хьадисашкахь даьхкина долу ламазан кхидолу азка́раш Iамийча гIолий хила мега хьуна, масала «фатихьатал» (бисмиллал) хьалха доьшург а, рукуIехь-сужудехь доьшург а, ташаххIуд (эттахьиг) дешначул тIаьхьа ден доIанаш а, иштта кхидIа а. Уьш довза йиш ю «Бусалба стеган гIап» жайни тIехь.

Ламаз оьцуш юьлучу меженийн къепе (порядок) иштта ю: ши куьг дуьлу – бага хи кхорзу – мера чу хи кхорзу – юьхь юьлу – аьтту пхьарс буьлу – аьрру пхьарс буьлу – коьрта тIе хи хьокху – шина лергана хи хьокху – аьтту ког буьлу – аьрру ког буьлу.

 

Хьайн шолгIа а, кхоалгIа а хаттарна жоьпе хьо хьажа кхузахь:

Ламаз деш мичахь хIун айаташ деша деза?

Ламазал тIаьхьа муьлха доIа дан мегар ду?

 

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

28.02.2011