Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!
Велла стаг аьтту агIор вирзина валар стенан билгало ю?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Валаран хьолехь волу стаг къилбехьа верзорах лаьцна даьхкина хьадисаш ду, цу хьадисашна тIе а доьгIна Iелам-наха аьлла ду, леш волу стаг къилбехьа верзор дика ду аьлла.[1]

Къилбехьа иза верзоран куц дуьйцуш цхьаболчу Iелам-наха иза аьтту агIона тIе а виллина, цуьнан юьхь а, дегIан хьалхе а къилбехьа ерзийча дика ду аьлла.[2]

Церах цхьаболчу Iелам-наха цунна тешаллийна далийна Ахьмада дийцина долу хьадис, Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – йоI Фа́тIима – Дела реза хуьлда цунна – ша лечу хенахь къилбехьа а йирзина, шен аьтту агIона тIе дIайижина хиллера аьлла.

Кхин а цара тешаллийна далийна хьадисаш, набарна дIавуьжучу хенахь аьтту агIона тIевижар дика хилар дуьйцуш долу. Набарна дIавуьжуш аьтту агIона тIе вижар дика ду, ткъа наб кхеттта долу адам даларна герга ду, цундела лечу хенахь а аьтту агIонна тIе вижар дика ду аьлла оцу Iелам-наха.[3]

Амма аьтту агIор вижина а волуш валар стенан билгало ю аьлча – вай лакхахь дийцинчул совнаха цунах лаьцна цхьаъа хIума гина дац суна, цундела иза къаьсттина цхьана хIуманан билгало ю ала хуур дац. Делахь а, лакхахь долчуьнца дуьстича, дикчу хIуманан билгало хиларга дог доху вай иза, хIунда аьлча и велларг аьтту агIона тIе ша шен лаамца вижина хиллехь, цунна Дела дагахь хилла хила мега, цуьнан валар а Дела дагахь волуш, Цуьнан дин дагахь долуш хилла хила мега.

Дала гечдойла бусалба нахана! Дала къинхетам бойла церан беллачерах а, дийна болчерах а!

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

 

25.09.2008


 

[1] Имам Ан-Нававий, «Ал-МаджмýI», 5/116; Шайхул-Ислам Закариййа́ Ал-Ансо́рий, «Аснáл-МатIо́либ», 1/296.

[2] Уьзза жайнаш.

[3] Имам Аш-Шавка́ний, «Найлул-АвтIо́р», 4/50.