|
|
|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Iелам-наха дийцарехь, къаьсттина мархи баттахь валар кхийолчу хенахь валарал деза ду аьлла суннатехь деана хIумма дац.[1] Бакъду, марха кхобуш а волуш велларг – хуьлийла иза рамадан баттахь йа кхечу баттахь – ялсамани гIур ву аьлла деана хьадис ду. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «ЦхьаммаАллахIа доьхьа «лáилáхIа иллаллáхI» аьлча, тIаккха цуьнца цуьнан валар нислахь – иза ялсамане гIур ву; цхьамма цхьана дийнахь АллахIа доьхьа марха кхаьбча, тIаккха цуьнца цуьнан валар нислахь – иза ялсамане гIур ву; цхьамма АллахIа доьхьа цхьа сагIа делча, тIаккха цуьнца цуьнан валар нислахь – иза а ялсамане гIур ву».[2] Нагахь санна цхьа стаг мархи баттахь марха кхобуш а волуш велча, иза Дала мукъа лахь ялсамане гIур ву. Амма марха кхобуш воцуш, мархи баттахь валар кхечу хенахь валарал деза дуй аьлча - цунах лаьцна девзаш хьадис дац бах Iелам-наха.
Ткъа дика хуург АллахI ву!
25.09.2008
|