Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!
Шен цIера ара а ваьлла, генаваьлла новкъахь цхьанхьа воьдуш (масала дарбанцIа) валар нисдаларх лаьцна хIумма дуй?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Ахь ма-баххара долчух лаьцна деана хIумма а ду аьлла суна гина дац.

Делахь а, цу хаттарх тера хила мегаш ши хьадис ду суннатехь деана.

1. «Хийра махкахь валар – гIазот (шахIид) хилар ду».[1]

ХIара хьадис нийса делхьара, шен махкахь воцуш кхечу махкахь валаран дозалла гойтуш хир дара иза, делахь а иза гIийла хьадис ду аьлла хьадисан Iелам-наха.[2]

2. «ЦIеххьана валар – оьгIазлонца дIаиэцар ду».[3] «ЦIеххьана валар – муъма-стагана (баккъалла а АллахIах тешаш хиллачунна) паргIато а ю, вочу стагана оьгIазлонца дIаиэцар а ду».[4]

ХIокху шина хьадисах доьххьаралера хьадисехь Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – довзуьйту вайна, стаг цIеххьана валар – масала дог сецна, йа цхьана хIуманах дIакхетта – иза АллахIан оьгIазлонан билгало хилар. ШолгIачу хьадисо – иза гIийла лоруш делахь а – довзуьйту вайна  шена и оьгIазло хилларг вон стан вуй. Вуьшта аьлча, цхьа стаг вон хиллехь, иза новкъахь воьдуш лаьтташехь цIеххьана валар – Делан оьгIазлонан билгало ю, хIунда аьлча, тоба дан а, шахIа́дат да́ло́ а, весет дан а, иштта кхидолу дика хIума дан а ца ларош валар нисдолуьйту цуьнан Дала. Амма иштта цIеххьана велла стаг дика хиллехь, даим валар дагахь долуш хиллехь, даим валарна кечам бина хиллехь – иштта валар цунна паргIато ю.[5] Дикчу стагана иза паргIато хиларан бахьана хила мега валаран халонех иза кIелхьара валар.

Дала вочу чаккхенах а, вочу даларх а лардойла вай а, массо бусалба нах а.

Ткъа дика хуург АллахI ву!

 

25.09.2008


 

[1] Имам Ас-Суйу́тIий, «Ал-ДжáмиIиссогIúр».

[2] «Ат-Талхи́сул-Хьаби́р», Хьафиз Ибн Хьаджар; «Ал-Бадрул-Муни́р», Имам Ибнул-Мулаккъин; «Ас-Силсилатуд-ДаIи́фахI», Шейх Ал-Албáнú.

[3] Абу Давуд, Ахьмад.

[4] Ахьмад, БайхIакъий.

[5] «Фатхьул-Ба́ри́», Хьафиз Ибн Хьаджар, 3/255; «Шархь Сунан Аби́ Давуд», Шейх Iабдул-Мухьсин Ал-Iаббáд, 16/406.