|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Вай наха лелош цхьа хIума ду-кх, шай цхьа стаг дIаваьлча и цIа вуьгий цIахь дIавуллу. Кхузахь накъост ву соьга и нийса дац, стаг дIаваьллачу меттехь дIаволла веза бохуш, нагахь санна цу гIалахь-юьртахь бусулба каш делахь. Суна цIахь хезнег хIу дара аьлчи, шай цIахь, шай гергарча нахан юхехь дIаволар гIоле ю аьлла: нагсан и гергар нах ялсмани гIура болуш белахь уьш Къемат де тIекхачалий гIовшашца хьошалла лелош хир бу, цундер цIахь а , гергарчу нахана юкъахь а нах дIабохкар гIоле ю элар соьга. Нийса муха ду техьа?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Адам деллачул тIаьхьа цуьнан дакъа кхечу махка (йа юьрта, йа гIала) дIадахьар шафиIий мазхIабехь хьарам лоруш ду, нагахь санна дакъанна оцу махкахь дIадоьллича цхьаъа кхерам бацахь, нагахь санна иза дIахьуш йолу меттиг Макка а, Мединат а, Къудс а яцахь, нагахь санна иза дикчу нахана улле дIадолла хьуш а дацахь. "Кхерам хиларна" масалш далийна шафиIий мазхIабера Iелам-наха: дакъа схьа а даьккхина, иза талхорна кхерам хилар; суннат тIехь возуш верг бидIат лелочу махкахь валар а нисделла, цуьнан каш къайладаккха аьтту бацахь; кешнашка хи а деана, каш талхорна кхерам хилар, иштта кхидIа а.[1] Имам ШафиIийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла, велларг кхечу метте дIавахьарх лаьцна: "И хIума ца деза суна, нагахь санна и велларг Маккийна а, Мединатана а, Байтул-Макъдисна а уллехь вацахь. Иза цу уллохь велахь, цига дIавахьар харжаме ду, цигахь дIаволлар деза долу дела".[2] ШафиIий мазхIабехь шолгIа дош а ду, и хIума "макрухI" ду аьлла. И бохург: хьарам дац иза, делахь а ца деш Iаддитича ме́л бу, дича къа а дац. Делахь а, мазхIаб лоруш дерг иза мегаш ца хилар ду, доьххьара вай ма-аллара. Велла стаг кхечу махка дIавахьа ца магаран бахьана масех далийна цара: велларг сихха дIаволлар важиб ду, ткъа иза кхечанхьа дIахьуш хилча иза галдолу; веллачу стеган дийначуьнан санна хьурмат ду, ткъа иза дIасакхехьарехь цуьнан хьурмат доха кхерам бу; велларг дIасахьуш хилча, цуьнан дакъа доха а, хийцадала а кхерам бу; нийса хьадисехь деана ду, цхьаболчу асхьабашна лиъна хилла аьлла, Ухьудехь кхелхина хилла шахIидаш кхечу меттехь дIабохка, ткъа Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) уьш шаьш болу-болчахь дIабохка аьлла омру дина хилла царна, тIаккха цара уьш Ухьуде юха а бигина дIабоьхкина.[3] Уьш доцурш кхидолу бахьанаш дийцина Iелам-наха, масала, веллачуьнан гергарчарна цунах хало хуьлуш хилар. ТIаккха, кхечу мазхIабашкара хьалхалера Iелам-наха а, цхьаболчу таханлерачу Iелам-наха а мегаш ду аьлла велларг кхечу махкахь дIаволла дIавахьар, нагахь санна дакъа телхар хиларан кхерам бацахь, цуьнан хьурмат дохор а дацахь. Цхьаболчара оцу балхана цхьа бахьана хила деза аьлла, масала, гергарниш тIекхача уллехь хилийтархьама хьуш велахь, йа гергарчарна юккъехь дIаволла хьуш велахь а, керста махкара бусалба махка хьуш велахь а, иштта кхидIа а.[4] Ткъа иза мегаш ду, йа "макрухI" бен дац аьлларш дукхах болу Iелам-нах хила а тарлуш ду. Цундела, велларг ша́ веллаччахь дIавоьллича цунна цхьаъа кхерам а бацахь, иза Маккайна а, Мединатана а, Байтул-Макъдисна а уллехь велла а вацахь, дикчу нахана улле дIаволла хьуш а вацахь, иза кхечанхьа дIавахьа ца веза. Нагахь санна оцу бахьанех цхьа бахьана а хIоьттина, иза дIахьуш хилахь, дакъа талхийта а мегар дац, цуьнан хьурмат дохон хIуманаш лелон а мегар дац, дукха хан ялийта а мегар дац. Ткъа нагахь санна и бахьанаш хIиттина а доцуш, цхьамма шен гергара стаг кхечу махкара шайн махка дIавуьгуш хилахь, цунна инкарло ян ца еза, йа дуьхьало ян а ца еза, мелхо а кадам а бина IадIен веза, хIунда аьлча цхьаболчу Iелам-наха иштта и хIума дар мегаш ду аьлла хилча. Цкъа делахь, Iелам-нахана юкъахь оцу кепара къовсаме долчу хIуманна тIехь вовший инкарлонаш ян мегаш дац; шолгIа делахь, бохам тIебеана волчу стаге и хIума хьехийча, иза цунна новкъада́н тарло, юккъе оьгIазло йо́ла а тарло, юкъаметтиг херйала а тарло, ткъа иза дика хIума дац. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 23.12.2009 - 1431.01.07 [1] Имам Ан-Нававий, "МинхIаджут-тIолибин", 86; Имам Аш-Ширбиний, "МугIнил-мухьтадж", 1/365-366; Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, "Тухьфатул-мухьтадж", 11/417-418; Имам Ар-Рамлий, "НихIайатул-мухьтадж", 3/37-38. [2] Уьзза жайнаш. [3] Уьзза жайнаш; кхин а: Имам Ан-Нававий, "Ал-маджмуI шархьул-мухIаззаб", 5/303. [4] Шейх Халид Ал-Мушайкъихь, "ФикъхIун-навазил фил-Iиба́да́т", (аудио); "Ал-мавсуIатул-фикъхIиййатул-кувайтиййахI", 21/9-11;
| КхидIа |