Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Аьшпе забарш ца магйар хаттаран юкъадог1уш кхин хаттар кхоллало сан:

"Цхьамма шегара кхоьллина долу вайн юкъара туьйранаш а, дийцарш а мегар дуй ткъа дийца?"

Вайна махаъара уьш а ма дац дерриге ца алахь дукхах дерш бакъдерг.

Дала меле дуьллийла жоп даларехь хьегна къа

Ларамца

Вассаламу 1алайкум.

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

 

Нагахь санна туьйра дийцаран бахьана адамаш делор делахь, тIаккха и туьйра баккъалла а хилла долчу хIуманна тIедоьгIна а дацахь – пуьташ белахь – иза дийца мегар дац, иза къа ду, вай хьалхарчу хаттарехь ма-аллара.

Нагахь санна и цхьамма шегара кхоьллина долу туьйранаш а, дийцарш а диканиг дика хилар гойтуш, дикане кхойкхуш, дика гIиллакх а, дика хIума а даржош делахь, вониг вон дуй гойтуш, вочух адам лардеш, вон хIума сийсаз деш, вон гIиллакхаш юкъара дIадахаран маьIна шайца долуш делахь, тIаккха и туьйранаш а, дийцарш а дийца мегар ду, кхолла а, яздан а мегар ду. Таханлерачу Iелам-наха и санна долу дика дийцарш хьалхалерачу байташца дуьстина. Дукха хьалха дуьйна наха байташ олуш а, язйеш а хилла, цу юкъехь дуккха а хилла доцу хIума хилла хьахош, масала дало дуьйцуш, дуккха а баккъалла а хилларг а хилла. Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – волчу хенахь а олуш хилла байташ, цунна хьалха а аьлла уьш. Ткъа цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шеца дика маьIна долу байташ магийна, шайца вон маьIна дерш ца магийна. Дика маьIна долу цо магийначу байтан масал ду цо аьлларг: «Байтахочо аьлла долу уггар нийса дош – Лабийда аьлларг ду: «ХIаъ! АллахI воцург массо хIума а харц ма ду!» (Бухари, Муслим). Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – байтех лаьцна: «Бакъдолуш, цхьайолчу байташца хьекъале хIуманаш ду». (Бухари, Муслим). Вон хIума шайца хиларна ца магийначу байтийн масала – зударийн куцош дуьйцуш йолу байташ ю, Iаьрбийн байтийн Iилманан юкъахь «ал-гIазл» аьлла цIе йолу.

Иштта, шайца дика маьIна долу байташ мегаш хилча, байтан куьцехь доцу дийцар а мегаш ду аьлла Iелам-наха, нагахь санна и дийцар дика маьIна долуш делахь, и дийцар баккъалла а хилла дацахь а. Ишттачу дийцаршна масала ду, бусалба наха индойн маттара гочдина долу «КалилахI ва димнахI» цIе йолу дийцар, акхаройн маттаца пачхьалкхан а, куьгаллин а хьекъале хIуманаш дуьйцуш долу. Ткъа и санна долу дийцарш доьшуш болчарна хаьа и дуьйцург баккъалла а хилла доций, цундела иза харц лер ца лору.

Кхин а, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – жуьгтийн дийцархоша дуьйцучу дийцарех лаьцна аьлла: «Дийца аш Исраилан тIаьхьенгара (долу дийцарш), хIумма а дац шуна». (Ахьмад, Абу Давуд). Ибн Аби Шайбас дийцинчу хьадисехь ду: "...бакъдолуш царна юкъахь тамашийна хIуманаш хилла" - аьлла.

Цхьаболчу Iелам-наха аьлла: оцу хьадисо гойту оцу тамашийначу дийцаршка самукъаненна ладогIа мегаш хилар, тешаллийна а доцуш. И хьадис тешаллийна лаьцна цхьаболчу Iелам-наха, билггал харц дуй ца хууш долчу тамашийначу дицаршка самукъадаккхархьама ладогIа мегаш хиларна, кхин а, билггал харц дуй хууш долчу дийцаршка а ладогIа мегаш хиларна нагахь санна и дийцарш хьехамана а, цхьана хIуманна масала далош а дуьйцуш делахь – масала майралла Iаморна дуьйцуш делахь – башхула а йоцуш и дийцарш адамийн маттаца дуьйцуш делахь а, дийнатийн маттаца дуьйцуш делахь а, нагахь санна доьшуш волчунна уьш иштта хилар хууш а делахь, Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийс ма-аллара.

Цундела, кхоьллина долу дийцарш а, туьйранаш а кхолла а, дийца а мегар ду нагахь санна уьш яздаран бахьана дикачуьнга кхайкхар делахь, нагахь санна царна юкъахь дерг диканиг делахь, нагахь санна царна юкъахь вониг дацахь. Иштта уьш деша а мегар ду нагахь санна доьшуш волчунна ша доьшург баккъалла а хилла доций хаахь.

Ткъа дика хууш верг АллахI ву!