Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Томана луш дерг и хIун ахча ду? Урдона луш болу мах парз бу ШариIатехь (со нийса кхетахь), тIаккха томана луш дерг вайн Элчанан суннат дуй? Йа хIунда бу и томан мах?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Вай долчахь томана лун даьхни – иза бусалба дино урдо санна тIедожийна важиб дац, йа суна хаарехь бусалба динан баххашкара схьадаьлла а дац, иза вайна юкъахь лелаш долчу Iадатех ду, чура арайоккхуш луш долу ахча санна.

Бусалба динца хьаьжча хIун хьукм ду цуьнан? И томана ло олий луш долу даьхни ша-дерг цхьаьнатоьхча АллахIа ваджиб динчу урдол сов хила ца деза, зуда яло лууш волчунна хало хила а ца еза цунах, ткъа нагахь санна цунах цунна хало хуьлуш хилахь ца мегаш хуьлу иза лелор. Шен таро йолчо лело мегар долуш ду иза, таро йоцучунна тIедожо а мегар дац иза, вай лакхахь дийцинчу бахьанашна. Оццу бахьанашна, вайн цIера цхьаболчу дешначу наха ца магадо зуда ялочуьнгара урдол совнаха долу даьхни тIедаккхар.