Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Уггаре хьалха массо а бусалба нах Iарафат денца даггара декъал барца доладан лаьара суна сайн хаттар. Дала декъала дойла вай массо а! Дала гIурбанаш къобала дойла вайн! Олхазар, сан хаттар дара хьоьга ишта: Коьртахь хIума лелош воцу боьрша стаг тоьшаллийна магош вац, - бохуш долу хIума шариIатехь бух болуш дуй?

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Тоьшаллийна хIоттош волчу стагера тоьшалла къобал дархьама иза даккхий къинош леторах цIена хила везаш а ву, кегий къинош леточара ца соцуш хила везаш а ву, оьздангаллех воьхна хила везаш а вац. Доккха къа латош волчу стагах тешам бац, иза харц лен йиш ю, цо харц тоьшалла дан а тарлуш ду. Даим юх-юха шегара жима къа долуьйтуш верг а харц луьйр вац аьлла сацам бан йиш йолуш стаг вац. Оьздангаллех воьхна волчух а кхерам бу харц лерна а, харц тоьшалла дарна а. Оьзда волчу стага, нахана юкъахь оьздангалла лоруш долу хIума лардеш, цунах вохош долу хIума шегара ца долуьйтуш (иза хьарам дацахь а, къа лоруш дацахь а) – иштта волу стаг кхидолчу даккхийчу хIуманех а ларлуш хир ву, харц лер а, харц тоьшалла дар а боху даккхий къинош шегара довларх ларлуш хир ву иза.

Иза девзинчул тIаьхьа… Ткъа и тоьшалла къобал дарна биллам болу оьздангалла муха, хьан билгалйеш ю? ХIун ду оьздангаллех вохош долу хIума а, вохош доцу хIума а? Оцу хаттарна жоп луш, Iеламнаха иза адамашка а, мехкашка а, хенашка а хьаьжжина хуьлу аьлла. Цхьайолчу меттигашкахь цхьа хIума дика ца лоруш хила тарло, кхечу меттигашкахь и хIума вон ца хеташ хила а тарло. Цхьана меттехь цхьана Iеламстага цхьа хIума дар вон хеташ хила тарло, дешна воцучо и хIума дар вон ца хеташ хила а тарло. Иштта кхидIа а.

Цигара схьа аьлла Iеламнаха, божарша коьртахь хIума лелош Iадат долчу меттигашкахь, коьртаIуьйра лелаш волчу борша стаг дика ца лоруш йолчу юкъараллашлахь, коьртахь хIума йоцуш иза нахана юкъаваьлча иза гIиллакхах воьхнарг лоруш волчу меттехь, иза оьздангаллех воьхна лоруш йолчу меттехь – ишттачу меттигашкахь коьртаIуьйра лелаш волчу стеган тоьшалла къобал дийр дац, хIунда аьлча иза оьздангаллех воьхна дела, ша вехачу меттера массо адамаша лелош долу гIиллакх цо дохийна дела, цара вон лоруш долу хIума цо лелош долу дела. Массо наха къобалдина, оьзда хIума ду аьлла тIелаьцна долу хIума Iаддитина стаг хуьлу иза, оьздангалла йохош долу хIума далийтина хуьлу цо шегара, цундела, иза оьздангаллех воьхна дела мегар дац олу Iеламнаха цуьнан тоьшалла къобал дан.

Амма нагахь санна цхьана къома юкъахь, коьртахь хIума ца лелор оьздангаллех вохош хIума лоруш дацахь, иза ца лелор тоьшалла къобал ца дан бахьана дац.[1]

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

01.12.2011 = ‏06‏.01‏.1433


 

[1] «Ал-мавсуIатул-фикъхIиййатул-кувайтиййахI», 37/34-36 ; Имам аш-ШатIибий, «Ал-мувафакъот», 2/489.