Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум!

Нена-веши тешалла къобал дой шарIо?

Баркалла!

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!  

Ненавеши тешалла къобал до шарIо, тешаллин билламашца цхьаьна, кхиболчеран тешалла къобал дар санна.

Имам Ал-Мáвардийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла цу хьокъехь: «Амма дай а, кIентий а боцуш, кхечеран тешалла – вежарий а, йижарий а, церан бераш а санна болчеран а, девежрий а, дейижрий а, церан бераш а санна болчеран а, ненавежрий а, ненайижрий а, церан бераш а санна болчеран а – цара вовший деш долу тешалла къобал деш ду».[1]

Имам Ибн Къудáмас а – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла, вежарша вовший ден тешалла къобал деш хилар билгал динчул тIаьхьа: «Девешин а, цуьнан кIентан а тешалла а, ненавешин а, цуьнан кIентан а тешалла а, иштта кхиболчу гергарчийн тешалла а мегаш хила хьалхе йолуш долу, хIунда аьлча шен гергаллехь уллера воллушехь вешин тешалла магийна хилча, гергаллехь цул генара волчуьнан тешар къобал дар гойтуш ду иза».[2]

 

Ткъа дика хуург АллахI ву!


 

[1] «Ал-Хьáвил-Кабúр», 17/339, Имам Ал-Мáвардий.

[2] «Ал-МугIнú», 23/221, Имам Ибн КъудáмахI.