Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Салам-маршалла ду хьоьга юха а! Кхи цхьа хаттар а дара сан хьоьга Олхазар, хьайн йиш хиллачах ахь жоп делча.

Духьа-ламазал тIаьхьа тасбихь даккха деза йа ца деза?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Делера салам-маршалла хуьлда хьуна а!

Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланийс а, кхечу Iелам-наха а ма-аллара, тасбихь даккхар Iелам-наха къаьсттина парз ламазел тIаьхьа ду аьлла, хIунда аьлча тасбихьах лаьцна даьхкинчу цхьадолчу хьадисашкахь хьахийнарг «хIора парз ламазал тIаьхьа»[1] аьлла долу дела.[2]

Тасбихь фард ламаз ма-динна даккхар суннат хиларх лаьцна вай дийцира хьалха хIокху хаттарехь: Тасбихь, суннат ламазал хьалха доккху йа тIаьхьа доккху?

Амма духьа ламазал тIаьхьа тасбихь доккхуш хиллера аьлла, йа иза даккхар дика ду аьлла цхьаъа тешалла гина дац суна Суннатехь.

Духьа ламазал тIаьхьа дича дика ду аьлла суннатехь деана дерг Бухарийс «Ал-Адабул-Муфрад» тIехь нийса хьидисехь дийцина долу доIа ду: Iаишата – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – духьá ламаз а дина элира: «АллóхIуммагIфир лú, ва туб Iалаййа, иннака антат-таввáбур-рохьúм» - цо иза юх-юха элира бIозза аллалц».

Цу доIанан маьIна иштта ду: «Йа АллахI! Гечдехьа суна, тоба къобал а дехьа сан, бакъдолуш Хьо тоба къобал дийриг а, къинхетам бийриг а ву-кх!».

Иза а дича дика дерг ду, ткъа шена луучо цуьнца цхьаьна суннатехь даьхкина долу кхидолу доIанаш а, шена луург доьхуш долу муьлхха доIанаш а дан мегар ду духьа ламазал тIаьхьа.

ТIаккха, духьа ламазан коьрта хаттарш вай дийцира хьалха кхузахь: Духьа ламаз.

 

Ткъа дика хуург АллахI ву!

 

07.02.2009


 

[1] Муслим.

[2] Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланий, «Фатхьул-Ба́ри́ Шархь Сахьи́хьил-Буха́рий»,2/328; Имам Бадруд-Дин Ал-Iайний, «Iумдатул-Къо́ри́ Шархь Сахьи́хьил-Буха́рий», 9/413.