|
|
| Видео |
| Хьешан тептар |
| Кехат язде соьга |
|
Хаттар:
Ассаламу
Iалайкум! Aхь хIокху чу
диллина теспахь, Пайхамара (а.с.в) суннатца догIаш дуй, хIокхуьна бух буьцаш
хьадис дуй? Делахь иза хьадис дезара суна, хIокхуьна бух безара. Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!
И теспахь вайн Пайхамара - Делера салам-маршалла хилла
цунна - лелийна хилла аьлла нийса хьадисаш ду. Цу теспахь юкъахь доцурш а,
кхидолу доIанаш а, зикр а деш хилла аьлла а нийса хьадисаш ду. ХIинца ас
хьуна дуьйцур ду цу теспахьан дешнаш хьахош долу хьадисаш, Делан
гIоьнца:
1) "АстагIфируллахI"
- алар а, "АллохIумма антассаламу ва минкассаламу, табаракта йа
залджалали вал-икром" - алар а:
Имам Муслима дийцина хьадис, Савбан цIе йолчу асхьаба
элира аьлла: "Делан Элчано - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - ша
ламаз динчул тIаьхьа кхозза Деле гечдар дехара, тIаккха алара:
"АллохIумма антассаламу ва минкассаламу, табаракта йа залджалали
вал-икром".
И хьадис дийцина волчу Iелам-стаге Имам Ал-АвзаIийга
хаьттина хилла, Деле гечдар дехар муха хуьлу аьлла. Цо жоп делла:
"АстагIфируллах1" аларца хуьлу аьлла. 2) "Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр. АллóхIумма лá мáниIа лимá аIтIойта, ва лá муIтIийа лимá манаIта, ва лá йанфаIу залджадди минкал джадд" - алар:
Имам Бухарис а, Имам Муслима а дийцина хьадис,
ШуIбатан кIанта Ал-МугIирас дийцира аьлла, Делан Элчано - Делера салават а,
салам а хуьлда цунна - ша ламаз динчул тIаьхьа, салам деллачул тIаьхьа олуш хилла
аьлла хIара дешнаш: "Лá илáхIа иллаллóхIу
вахьдахIý лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва
хIува Iалá кулли шайъин къадúр. АллóхIумма лá
мáниIа лимá аIтIойта, ва лá муIтIийа лимá
манаIта, ва лá йанфаIу залжадди минкал джадд". 3) "Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý лá шарúка лахIу, лахIулмулку, ва лахIулхьамду, ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр. Лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхI, лá илáхIа иллаллóхIу ва лá наIбуду иллá иййáхI. ЛахIунниIмату, ва лахIулфадлу, ва лахIуссанáул хьасан. Лá илáхIа иллаллóхIу мухлисúна лахIуддúна ва лав карихIалкáфирýн":
Имам Муслима дийцина хьадис, IабдуллахI ибн Аз-зубайр
цIе йолчу асхьаба, ша ламаз дина ваьлча, салам делча, хIара дешнаш алара
аьлла: "Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIý
лá шарúка лахIу, лахIулмулку, ва лахIулхьамду, ва хIува
Iалá кулли шайъин къадúр. Лá хьавла ва лá
къуввата иллá биллáхI, лá илáхIа
иллаллóхIу ва лá наIбуду иллá иййáхI.
ЛахIунниIмату, ва лахIулфадлу, ва лахIуссанáул хьасан. Лá
илáхIа иллаллóхIу мухлисúна лахIуддúна ва лав
карихIалкáфирýн".
IабдуллахI ибн Аз-зубайра аьлла - Дела реза хилла цунна
-: "Делан Элчано - Делера салават а, салам а хилла
цунна - хIора ламазал тIаьхьа алара иштта".
4) "АллóхIу лá илáхIа
иллá хIувал-хьаййул-къоййýм, лá таъхузухIý
синатув-валá навм, лахIý мá фиссамáвáти ва
мá фил-ард, манзаллазú йашфаIу IиндахIý иллá
биизнихI, йаIламу мá байна айдúхIим ва мá холфахIум, ва
лá йухьúтIýна бишайъиммин IилмихIú иллá
бимá шáа, васиIа курсиййухIуссамáвáти вал-ард, ва
лá йаýдухIý хьифзухIумá, ва хIувал-Iалиййул-Iазúм" - Айатул-курсий дешар.
Имам Насаийс а, Имам Ибн Ас-суннийс а, Имам СуйутIийс а
дийцина нийса хьадис, Пайхамара - Делера салават а, салам а хуьлда цунна -
элира аьлла: "И áйат хIора парз-ламазал тIаьхьа доьшуш волчунна
ялсамани чу ца ваха дуьсуш хIума дац, валар доцург".
5) "СубхьáналлáхI" а,
"АлхьамдулиллáхI" а, "АллóхIу акбар" а
ткъе-кхойт-кхойттозза алар а, цул тIаьхьа "Лá илáхIа
иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка лахI, лахIулмулку ва
лахIулхьамду, ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр" алар
а:
Имам Муслима дийцина Делан Элчанан - Делера салават а,
салам а хуьлда цунна - иштта хьадис: хIора ламазал тIаьхьа и олуш хиллачуьнан
къиношна гечдийр ду, хIурдан чопа санна уьш дукха делахь а.
6) Iуьйра а, маьркIижа а шина ламазал тIаьхьа
кхокх-кхозза а, дисинчу парз-ламазел тIаьхьа цхьаццозза а "КъулхIуваллохIу
ахьад"
а, ши "Къул аIузу" а дешар:
Абу Давуда а, Тирмизийс а, Насаийс а дийцина хьадис,
Iукъбат ибн Iамир цIе йолчу асхьаба элира аьлла: "Делан Элчано - Делера
салам-маршалла хилла цунна - суна омру дира, хIора ламазал тIаьхьа "Къул
аIузуш" деша аьлла".
Iуьйра а, маьркIижа а ламазел тIаьхьа и сураташ
кхокх-кхозза дешарх лаьцна хьадис хIинца ца кара до суна, делахь а
Iелам-наха бах, иштта уьш дешаран хьадис нийса ду. 7) Iуьйра а, маьркIижа а шина ламазал тIаьхьа итт-иттозза хIара дешнаш алар: "Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду, йухьйú ва йумúту ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр":
Имам Насаийс а, Имам Тирмизийс а, Ахьмада а
дийцина и дешнаш иштта аларан хьадисаш. ХIинца суна карийна долу хьадисаш уьш ду. Уьш доцурш а кхин а ду дуккха а хьадисаш, тайп-тайпана доIанаш а, зикраш а дуьйцуш. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 2005 шо. |