|
|
| Видео |
|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Имам Ал-Мунзирийс – Дала къинхетам бойла цунах – шен «Ат-ТаргIи́бу ват-ТархIи́б» жайни тIехь масийтта хьадис далийна, сурьма хьакхар дика хилар гойтуш долу. Церах цхьадерш дуьйцур ду вай. IабдуллахI ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цаьршинна – дийцина, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Исмид[1] хьокхийла аш шайн бIаьргашна, бакъдолуш цо бIаьрса чIагI а до, месаш тIе а йовлуьйту». Ибн Iаббаса дийцина, Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – сурьма чохь лелош йолу хIума йара аьлла, цу чура цо хIора буьйсанна аьтту бIаргана а, аьрру бIаьргана а кхокх-кхозза сурьма хьокхура аьлла. Уьзза хьадис хIокху дешнашца деана а ду: «Уггар дика аш лелош йолу сурьма исмидах ерг ю, бакъдолуш цо бIаьрса чIагI а до, месаш тIе а йовлуьйту».[2] Iалий ибн Аби-ТIолиба – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Исмид хьокхийла аш, бакъдолуш цо месаш тIе а йовлуьйту, бIаьрга чура цIена йоцу хIума дIа а йоккху, бIаьрса цIан а до».[3] Оцу хьадисашкахь билггал къаьсташ ду сурьма могшаллийна хьокхуш хилар, бIаьргашна а, бIаьрсинна а цо пайда бо дела хьокхуш хилар. Цундела аьлла хила тарло цхьаболчу Iелам-наха, сурьма хьакхар адамийн дахарехь цара лелош долчу хIуманашца доьзна ду, Iибадатца доьзна дац. Делахь а, иза Iибадатца доьзна дацахь а, дикчу ниййатца (суннатана тIаьхьавазаран ниййатца) шен бIаьргашна пайденна иза хьаькхначунна мел а хир бу, Дала мукъа лахь.[4] Цундела, Iелам-нахана юкъахь хилпало яц (къовсам бац) дарбанна сурьма хьакхар суннат хилар тIехь, божаршна а, зударшна а цхьатерра. Иштта хилпало яц царна юкъахь зудчо иза хазаллийна хьакха мегаш хилар тIехь а.[5] Зудчо иза шен майрачунна кечлуш хьакха мегаш хилла ца Iаш, суннат а ду иза цунна, хIунда аьлча шариIато дика лоруш ду марехь йолчу зудчунна шен майрачунна кечйалар. Бакъду, майра велла йолчу зудчо биъ бутт итт де дIадаллалц сурьма хьакхар магийна дац Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хIунда аьлча иза кечйалар долу дела. Ткъа майра велла йолу зуда цу хена чохь кечйала мегаш дац.[6] Амма борша стагах лаьцна аьлча… Шейх Ибн Ал-Iусаймине – Дала къинхетам бойла цунах – хаьттина хилла: «Божарша цхьаъа хьашт доцуш шайн бIаьргашна сурьма хьакхаран хьукм хIун ду?». Цо жоп делла иштта: «Сурьма хьакхар шина кепара ду: 1) Цаьршиннах цхьаъ бIаьрса чIагIдалийта а, бIаьргаш чура цIена йоцу хIуманаш дIаяха а, бIаьргаш дIацIандалийта а хьокхуш дерг ду, шеца цхьаъа хазаллин маьIна а доцуш долу. Оцу кепара сурьма хьакхар мегаш ду, мегаш хилла ца Iаш хьакхар дика долуш а ду иза, хIунда аьлча Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен шина бIаьрга хьокхуш хилла иза. Иза дика хилар совдолу нагахь санна хьокхург цIена исмид делахь. 2) Сурьма хьакхаран шолгIа бахьана хазалла а, кечвалар а ду. Оцу кепара иза хьакхар зударшна (мегаш) ду, хIунда аьлча зуда шен майрачунна кечйалар оьшуш хIума ду. Амма иза оцу бахьанца божарша хьакхар – цуьнан хьукм хIун ду суна ца хаьа».[7] Делахь а, кхечу меттехь иштта аьлла Шейх Ибн Ал-Iусаймина: «БIаьрг хазбеш сурьма хьакхар божаршна а дуй мегаш, йа зудчунна бен дац? ШариIатера схьагуш дерг иза зудчунна бен мегаш ца хилар ду. Амма борша стаг – цуьнан хьашт дац шен ши бIаьрг хазбарехь».[8] Ал-АзхIарера баккхийчу Iелам-нахах хилла волчу Шейх IатIиййахI Ас-Сакъра – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Сурьма хьакхар (бIаьргашна) дарба ду, (бIаьргийн) могшалла ларйен бахьана ду, цундела хьокхуш хилла иза божарша, хазаллийна хьокхуш ца хилла иза, хIунда аьлча иза (хазаллийна хьакхар) зударшна алсам до́гIуш ду».[9] Цхьаболчу Iелам-наха хьарам хила а мега аьлла ду божарша сурьма хьакхар, нагахь санна и бахьана долуш цунах адамаш цецдийр делахь, цара реза ца хиларца цунна тIе пIелг хьежор белахь, вуьшта аьлча, иза гIаравер велахь.[10] Шейх Ибн Джибри́на аьлла: «Божарша сурьма хьакхар а, цара иза гучахь лелоро а нехан тидам боьрзуьйту аьлла хета суна и лелош волчуьнга, иза зударех тарвалар ду аьлла а хета суна».[11] Цундела, дарбанна сурьма хьакха лууш волчунна мегар ду иза хьакха, иза цунна суннат лоруш а ду, делахь а тахана вайн махкахь ша и бахьана долуш гIара ца валийтархьама, нахе шена тIе пIелгаш ца хьежадайтархьама, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – санна буьйсанна хьакха деза цо иза, тIаккха Iуьйранна нахана юкъа валале дIадаккха деза. Ткъа кечлуш сурьма хьакхар божаршца догIуш дац, зударшца догIуш а, оьшуш а ду.
Амма сурьма хьакхаран куц дийцича: шишана чура суьрма схьаоьцуш йолу хIума шен шина бIаьрган негIарш юккъе а юьллий, бIаьрга негIарш и юкъахь юьтуш дIакъовлу, тIаккха сурьма цу юкъахь юьссу.[12] Ткъа дика хуург АллахI ву! 16.05.2009 [1] Исмид – Iаьржа а болуш, сиха ата луш а болуш, шех сурьма йоккхуш болу тIулг бу. Цунах йина сурьма уггар дика лоруш ю, ткъа ша и тIулг таханлера Иранера ИсфахIан олучу меттера уггар гIолий лоруш бу. Хьажа: Имам Ибнул-Къаййим, «За́дул-МаIа́д», 4/283. [2] Тирмизий, Насаий, Ибн Хьиббан. Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-ТаргIиби ват-ТархIиб», 2/500. [3] Ат-ТIабара́ний. Ал-Мунзирий – Ал-Албаний, «Сохьихьут-ТаргIиби ват-ТархIиб», 2/502. [4] Шейх Халид Ас-СакъIабий, «Ал-Къовлур-Роджихь маIад-Далил Шархь Мана́рис-Саби́л», 1/30. [5] «Ал-Мавсу́Iатул-ФикъхIиййатул-КувайтиййахI», [6] Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «Тухьфатул-Мухьта́дж фи Шархьил-МинхIа́дж», 35/111. [7] «Фатава ИсламиййахI», 1/224. [8] «Аш-Шархьул-МумтиI Шархь Задил-МустакъниI», 1/104. [9] «Фата́ва́ Ал-АзхIар», 8/238. [10] Шейх Низа́р Солихь Аш-ШуIайбий, «Фатава́ вастиша́ро́т ал-исламил-йавм», 14/426. [11] «Ал-Фата́ва́ Аш-ШарIиййахI фил-Маса́илит-ТIиббиййахI», 1/56. [12] Шейх Ибн Джибри́н, «Шархь Кита́б Дали́лит-ТIо́либ», 32. |