Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Суннат ламазаш ца дар хьарам дуй?

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Имам Муслима – Дала къинхетам бойла цунах – дийцина Жабирера схьа – Дела реза хуьлда цунна – цхьана стага Делан Элчане – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттина хиллера аьлла: «Ас парз дина долу ламазаш дича, рамадан баттахь марха а кхаьбча, хьанал дерг хьанал дича, хьарам дерг (ларваларца) хьарам дича, кхин цул сов ас хIумма а ца даьккхича, ялсамане гIур вуй со?». Цо жоп делла хилла иштта: «ХIаъ».

Оцу хьадисан маьIна деш Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Цо ша кхин хIумма а совдоккхур дац алар хила йиш ю парз долу хIума дан ма-дезза лар а деш, суннат долу хIума дийр дац ша бохург. Ткъа иштта верг шеко йоцуш декъал хир верг ву, цо суннаташ Iаддитар сийсаз лоруш хIума делахь а, и бахьана долуш тешалла духатухуш делахь а, хIетте а Iеса лоруш вац иза, муххале а декъале хир верг ву иза, (Iазапах) кIелхьара вера верг ву иза. Ткъа дика хуург АллахI ву».[1]

Оцу хьадисан маьIна деш, Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Цу хьадисо гойтуш ду ме́лан ламазаш дерриге Iаддита мегаш хилар. Уьш дийра дац аьлла цхьана меттерачу наха барт бича цаьрца тIом бан безаш бац, ткъа и тIом бан беза аьллачунна далил оьшу. …

Бакъду, парз долчу Iибадатийн кхачамбацарш кхочушхилийтархьама хIиттийна долу ме́лан Iибадаташ дитарехь, сийлахь-цIена а, лекха а волчу АллахIана герга вуьгуш долу и Iибадаташ, АллахIана шаьш лелош верг воьзуьйтуш долу и Iибадаташ дитарехь… церах хуьлуш йолу йоккха са́ Iадйитар а ду, церан боккха ме́л Iадбитар а ду, оьздангалла йожор а ду, тешалла духатохуьйту бахьана а ду, хIунда аьлча даим уьш ца дар – дин цхьа мелла а атта хетаран билгало ю.

Бакъду, нагахь санна уьш дитаран лаам уьш атта (сийсаз) хетар делахь, уьш ца дезар делахь, керстаналла дар хуьлу иза.

Ткъа оцу хьадисехь Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – оцу стаге само ца йина уьш де аларца, цунна атталла лохуш, иза бусалба дине веана хан кIеззиг хиларна а, цо цунна дукха Iибадаташ дийцича иза вухава́ларна кхерам хиларна а. Цунна хууш хилла, бусалба дин цу стеган даг чохь чIагIделча лекха хинволчу АллахIа цуьнан кийра бостур хилар, кхиболчу асхьабашна ма-деззара ме́лан Iибадаташ цунна а дезар хилар, ткъа цара уьш парз Iибадаташ санна лардеш хилла, церан ял дукха йоккха йийцина йолу дела».[2]

ТIаккха, Имам Ал-КъуртIубийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла цу хьокъехь: «Бусалба нехан хилпало йолуш хIума дац ламаз а, кхидолу парзаш а дитар хьанал а хеташ ца деш волчо керстаналла дина хилар, суннаташ атта хеташ ца деш волчо къа латош хилар а, ме́лан Iибадаташ ца дечунна дов деш ца хилар а, нагахь санна цо церан дозаллийна инкарло еш яцахь, ткъа нагахь цо и инкарло йахь – керстаналла дина хуьлу цо, хIунда аьлча церах лаьцна Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дийцинарг духатухуш хуьлу иза».[3]

Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъола́нийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «КъуртIубийс аьлла: «Оцу хьадисехь а, цхьа Iаьрбо вуьйцуш долчу ТIалхьатан хьадисехь а тешалла ду ме́лан Iибадаташ Iаддита мегаш хиларна. Делахь а, суннаташ ца деш даим Iаддуьтуш верг – иза цуьнан динехь кхачамбацар хилар ду. Ткъа нагахь санна цо уьш дитаран бахьана уьш атта хетар делахь, уьш ца дезар делахь, иза къилахь долу хIума хуьлу, хIунда аьлча ишттачух лаьцна кхерам тоссуш деана хьадис долу дела, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Сан суннат ца дезнарг соьх вац». Ткъа хьалха хилла болчу асхьабаша а, царна тIаьхьабаьзначара а суннаташ лардеш хилла парзаш лардаре терра, царна юкъахь къастам беш а ца хилла цара, парзийн а, суннатийн а ял шайна цхьаьне хилийтархьама. Ткъа Iелам-наха и къастам бан безна оцу ламазех муьлхург юха дан дезаш ду а, муьлхарг дита мега а, муьлхург дитинчунна таIзар дан догIу а, йа дан ца догIу а билгалдаккхархьама».[4]

Имам Ибн Таймиййас – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Хаттар ду парз ламазашца долу суннат ламазаш ца деш волчунах лаьцна. Цуьнан жоп иштта ду: Уьш ца деш доьхьал ваьлларг – цуьнан тешалла духатухуш ду Ахьмадан а, ШафиIийн а, и шиъ воцучеран а мазхIабехь. Цуьнан дин кIеззиг хиларан билгало а ю иза».[5]

Иштта и ду цу хаттарехь нийса дерг: суннат ламазаш ца дар хьарам дац, делахь а дин кIезгалла а ю иза, динехь кхачамбацар а ду иза, оьздангалла йойъу бахьана а ду иза, тешалла къобал ца дойту бахьана а ду иза.

Цхьаболчу Iелам-наха, даим суннат ламазаш ца дечунна къа хир ду а аьлла, делахь а иза уьш ца дезаш, йа уьш атта хеташ ца дар бохучу маьIнехь хила деза, хIунда аьлча нийсачу хьадисашкахь дерг иза къилахь ца хилар ду.[6]

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

25.08.2009


 

[1] Имам Ан-Нававий, «Шархь сахьихь Муслим», 1\167.

[2] Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «Ал-фатхьул-муби́н бишархьил-арбаIи́н», 391 агIо.

[3] Имам Ал-КъуртIубий, «Тафси́рул-къуртIубий», 8\74.

[4] Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланий, «Фатхьул-ба́ри́ шархь сахьи́хьил-буха́рий», 3\265.

[5] Имам Ибн Таймиййа, «Ал-фата́ва́ ал-кубро́», 2\259.

[6] Хьажа: Имам Ибн Раджаб Ал-Хьанбалий, «Фатхьул-ба́ри́ шархь сахьи́хьил-буха́рий», 6\212; Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланий, «Фатхьул-ба́ри́ шархь сахьи́хьил-буха́рий», 12\419.