Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Бусалба динехь борьба хьарам юй?

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI.

Бусалба динехь «борьба» хьарам яц, мегаш ю, шен билламашца. Цхьадолчу хьадисашкахь деана ду, Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) охьатохарх леташ къовсавелла хиллера аьлла, Рука́нахI ибн Йази́даца. РуканахI цхьаьнгга а иэшалуш ца хилла бохуш дуьйцу, Пайхамарца (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) иза къовсавелча, масийттозза иэшийна хилла иза Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна). И бахьана долуш Рука́нахI бусалба дине а веана.

Iелам-наха цу хьокъехь аьллачух цхьадерг дуьйцур ду вай:

«Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) охьатухуш латарца къовсавелла хиларехь тешалла ду иштта къовсавалар керстанна а, бусалбанна а юкъахь хила мегаш хиларна а, бусалба нахана вовшашна юкъахь хила мегаш хиларна а. Къаьсттина чIогIа мегаш хуьлу иза нагахь санна ша лата а ца гIерташ, кхечо цуьнга иштта латарца къовсало аьлла делахь, иштта къовсаваларехь цхьа дика хIума хила мега аьлла догдохуш а делахь, йа куралла йечуьнан куралла кагйийир йолуш елахь, йа дозаллаш деш сонталла лелориг иэшорца цуьнан сонталла йохор елахь».[1]

«Иза Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) лелийначу, мегаш долчу спортан белхех ду. Элча (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) къовсавелла хилла охьатухуш латар тIехь, РуканахI ибн Йазидаца. И (РуканахI) цхьаьнгга а иэшалуш ца хилла, ткъа Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цуьнца летча, цо иэшийна хилла иза».[2]

«Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) охьатухуш латарх къовсавелла хилла. Охьатухуш латар (Iамор) гIазотана кечам бар юкъа догIуш ду».[3]

«(Охьатухуш латарх) ловзар мегаш хилар тIехь массо Iелам-нехан барт хилла бу. … Хьанбалий мазхIабера Iелам-наха иза дика хIума ду (мелехь хIума ду) аьлла а ду, нагахь санна (Бусалба) динна гIо дан ниййат долуш лелош делахь. Делахь а, иза мегаш хилар шариIатан дозанашца доьзна ду: церах уггар коьрта дерг – цуьнца зен хуьлуш ца хилар ду. Нагахь санна цунах зен хир делахь – тIаккха мегаш дац иза.

Таханлерачу суьртехь долу латар а мегаш ду, нагахь санна хьарам долчу хIуманех ларлур велахь. Ибн База цу хьокъехь аьлла хилла бохуш дуьйцу: «Амма бехкамаш боцу охьатохарх латар (вольная борьба) – иза мегаш ду, нагахь санна (могшаллийна) цунах зен хиларна кхерам а бацахь, кхечарна новкъарло йар (кхечунна зен дан гIертар) а дацахь, дIахьулйан йеза меженаш гучуйохуш а яцахь». … И хьадис тешалла ду бусалба нахана вовшашна юкъахь и къовсар лело мегаш хиларна а, царна а, кхечарна а юкъахь мегаш хиларна а, нагахь санна цхьа дика хIума хилийта лууш лелош делахь, бакъонна гIо дан лууш лелош делахь, Имам Аш-Шавка́нийс (Дала къинхетам бойла цунах) билгал ма-даккхара. …

Рука́нахI воцучуьнца кхечуьнца Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) латарх къовсавелла хиллера бохург нийса дац, масала иза Абу ДжахIлаца къовсавелла хиллера бохург санна».[4]

Iелам-наха аьлла долчу оцу дешнашкара схьа вайна доьвзу, «борьба» мегаш хIума хилар, ниййат дика хилахь иза дика хIума ларалуш хилар а, иза мегаш хиларан шен билламаш хилар а. ТIаккха, хууш ма-хиллара, тахана спортехь лелаш йолу «борьба» масийтта кепара ю, лакхахь ма-аллара иза а мегаш ю, могшаллийна зен дийр дацахь, чевнаш йийр яцахь, шеца къовсалучунна чов йан гIертар вацахь, Iоврат ларалуш йолу меженаш дIахьулйина а хир елахь. Ткъа нагахь санна оцу билламех цхьа биллам кхочуш ца хилахь, иза мегаш ца хуьлу. Мегаш доцучуьнан масала ду «профессиональная борьба», йа «американская борьба» олу латар – цу латарехь адамана зен дар дукха хуьлу, стеган сий дайъа гIертар а дукха хуьлу, вовший оьзда доцу дешнаш бахар а дукха хуьлу, оьздангаллех вохар а дукха хуьлу, иштта кхидIа а дуккха даккхий къинош хуьлу.[5]

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

15.11.2009

 

 

 

[1] Имам Аш-Шавканий, «Найлул-автIор», 8/173.

[2] Шейх Ибн Iусаймин, «Шархь рийадус-солихьин», 1/684.

[3] Шейх IатIиййахI Мухьаммад Салим, «Шархь булугIил-маром», 41/4.

[4] Шейх Iалий Хьусайн Амин Юнус, «Ал-алIабур-рийадиййахI: ахькамухIа ва довабитIухIа фил-фикъхIил-исламий», 162 агIо.

[5] Уьзза жайна, 164-165 ши агIо.