Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Мерещиться деш хилча, цхьаммо хьай цIе йокхуш мохь бетташ, йа цхьаъ чухула дIаводуш хетча, иза бозбуанчалла-м дац? хIун бахьана ду?

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Бозбунчалла девзаш болчу Iелам-наха дуьйцучуьнца дуьстича, ахь хьахийнарг шина кепара долу бозбунчалла хила йиш йолуш ду: хIума тардалийтаран бозбунчалла а, кхийкхамийн бозбунчалла.[1]

Цхьаъ чухула дIаводуш санна хетар – хIума тардалийтаран бозбунчалла хила тарло. ЦIе йо́хуш мохь бетташ хазар – иза-м билггал кхийкхамийн бозбунчаллин билгалонашца догIуш хIума ду.

Амма хIума тардалийтаран бозбунчалла:

1. Цуьнан билгалонаш иштта ю:

- Лаьтташ йолу хIума меттахъюьйлуш хетар а, меттахъюьйлург лаьтташ йолуш санна хетар а.

- Жима хIума йоккха хетар а, йоккханиг жима хетар а.

- ХIуманаш шаьш ма-йарра ца гар. Масала, ФирIавн Мусаца (Делера салам хуьлда цунна) къовсалучу хенахь, бозбунчалла лелочара тIергаш а, дечигаш а меттахъюьйлуш йолу текхаргаш ю моттийтина хилла.

2. И бозбунчалла лелийча, хаза йолу зуда цуьнан майрачунна ирча хеташ хила мега, нагахь санна зудий-майрий вовшахкъасто лелийна хIуманаш делахь. Ирчаниг хаза хоьтуьйтуш хила а мега, нагахь санна цхьана зудчо ша́ езаялийта хIуманаш лелийна делахь.

3. ХIокху кепара долчу бозбунчаллийна дарба лело деза шайтIа гена доккхуш долчу массо хIуманца. Кхоччуш долу дарба деша: «Къуръанаца а, Суннатца а дарба дар» цIе йолчу жайни тIехь.

Амма кхийкхамийн бозбунчалла:

1. Цуьнан билгалонаш иштта ю:

- Вон гIенаш гар, кхераме гIенаш гар.

- ГIенах шега цхьаъ кхуьйкхуш гар.

- Самах шега цхьаъ кхуьйкхуш хазар, кхин гуш адам а доцуш.

- Дуккха шеконаш хилар.

- Шен доттагIийн а, шена бе́зачеран а хьокъехь шеконаш дукха хилар.

- Ша́ цхьана лекхачу меттера чуиэгаш санна гIенаш гар.

- ГIенах шена тIаьхьадевлла лелаш дийнаташ гар.

2. Цуьнан хиларан куц иштта ду:

Бозбунчалла ле́ло́чо́ жин дохуьйту адамана тIе, гIенах а, самах а цунна новкъарло йайта. ГIенах, оцу адамана ка детташ йолу акхарой санна лела и жин. Самах, оцу адамана бевзаш болчу нехан аьзнашца цуьнга кхуьйкхуш лела иза, йа цхьа тамашийначу аьзнашца кхуьйкху цо цуьнга. ТIаккха массерах лаьцна шеконаш туьссу цо цуьнан дагчу. Цхьайолчу хенахь чIогIа чIагIдала мега и хIуманаш, лелийначу бозбунчаллин чIогIалле хьаьжжина, цундела адам хье́радаккха а тарло цо. Цкъацкъа Iаткъам кIеззиг хилла бисса мега, дагчу жимма шеконаш тиссар доцург кхи хIума ца хуьлуш.

3. Цунна дарба лелор иштта ду:

- Бозбунчаллийна доьхьал доьшуш долу "рукъйат" деша деза цомгачунна.

Иза дешча тоам а хилла, жин дIа ца далахь:

- ДIавижале хьалха ламаз иэца деза, «Айатул-курсий» деша деза.

- Ши куьг цхьаьна а лаьцна, «Къул хIувалло́хIу ахьад» а, ши «Къул аIузу» деша деза, шина куьйга тIе «хIуп» олуш санна мох а тухуш, тIаккха и ши куьг шен дерриге дегIа тIе хьакха деза. И хIума дIавижале хьалха кхозза дан деза.

- Iуьйранна «Ас-Со́ффа́т» сурат деша деза, буьйсанна дIавуьжучу хенахь «Ад-Духа́н» сурат деша деза; йа цаьршинга цу шина хенахь ладогIа деза.

- ХIора кхаа дийнахь «Ал-Бакъарат» сурат деша деза, йа цуьнга цу хенахь ладогIа деза.

- Iуьйранна а, суьйранна а ворхIозза хIара зикр дан деза: «Хьасбийалло́хIу, ла́ила́хIа илла́ хIува, IалайхIи таваккалту, ва хIува роббул-Iаршил-Iази́м».

- ДIавижале хьалха «Ал-Бакъарат» суратан тIаьххьара ши айат деша деза.

- ДIавуьжучу хенахь хIара зикр дан деза: «Бисмилла́хIи вадоIту джанби́. Алло́хIуммагIфир ли́ занби́, ва ахсиъ шайтIо́ни́, ва фукка рихIа́ни́, ваджIални́ финнадиййил-аIла́».

- ХIора дийнахь кхаа сахьтехь хIокху сураташка ладегIа деза: «Фуссилат» - «Ал-Фатхь» - «Ал-Джинн».

И массо хIума цхьана баттахь лело деза, тIаккха, Дала мукъа лахь, дарба хир ду.

 

ТIаккха, лакхахь хьахийна долчу дарбанца цхьаьне, муьлхха а бозбунчаллийна лело мегар а долуш, лело дезаш а долуш дарба ду вай дийцинчу жайни тIехь: «Къуръанаца а, Суннатца а дарба дар». Цу тIехь дерг шен ма-хуьллу кхочуш дан хьажа веза цомгаш верг а, цунна гIодийриг а.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

31.10.2009

 

 

 

[1] Шейх Вахьи́д Iабдуссала́м Ба́ли́, «Ас-Со́римул-батта́р фит-тасодди́ лис-сахьаратил-ашро́р». Цу жайни тIера схьаэцна ду и бозбунчаллин куцош а, царна дарбанаш а, цхьажимма хийцам барца.