|
|
| Видео |
|
Хаттар:
Ассаламу Iалайкум! Сигярка
озар хьарам дина дуй бусулба стагана? Тоба дича, и сигярка
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Сигаьрка озар цхьаъа шеко йоцуш хьарам ду. Иза хьарам хилар Iеламнаха дукха дийцина а, билгалдина ду. Иза вон хилар а, цунах зен хуьлуш хилар а, цунах вуно дукха цамгарш хуьлуш хилар а лоьраша а, кхиболчу Iилманчаша а дукха хенахь дуьйна дийцина билгалдина ду. Сигаьркех хуьлуш долу зен и сигаьрка узуш волчунна шенна хилла ца Iа. Цунна гонаха долчу адамашна а зен хуьлу цунах, дуьненчу ера йолчу цуьнан тIаьхьенна (цуьнан берашна) а зен хуьлу цунах. Оцу кеппара, цхьаъ-шиъ бIе шо даларца, сигаьрка узуш а, къаьркъа молуш а долу къам йа юкъаралла (общество) дахарна пайдане доцучу хьоле доьрзу, божарий божарий болчура дIабовлу, ах-божарий санна хуьлу. Иза вайна тахана дуккха а нахаца гуш ду. Цунах зен хиларал совнаха, эрна ахча а дохкуьйту сигаьрка озаро. Иза а бусалба дино хьарам деш ду. Экономикан тIегIана тIехь сигаьрках хуьлуш долу зен вуно доккха ду: сигаьркаш эцарна хIора шарахь цхьана махкахь болчу наха миллиардашкахь ахча духку (ткъа и ахча хьенан кисана доьдуш ду хууш ду), сигаьрка озарх кхетта йолчу цамгаршна дарба деш миллиардашкахь ахча духку. Дуккха а бусалба нах бу шайгахь хIоьттина мацалла йолуш, къелла йолуш, массо агIор тIебеш тIом болуш, гIаддайна хьийзаш, шаьш санна болчу бусалба нахера гIо оьшуш, амма дуккха бусалба нах шайн даьхни миллиардашкахь кхечарна ишттанехьа дIалуш бу, шайн могшаллийна зен а хуьлуьйтуш, Далла хьалха къила а боьлхуш. Оцу сигаьрках хуьлуш долчу оцу массо зенашка хьаьжча билгалдолу сигаьрка озар мел доккха хIума ду а, иза мел чIогIа къилахь ду а. Цундела, ша́ сигаьрка озарх ларваларал совнаха, шен доьзал цунах ларбарал совнаха, шен гергарнаш цунах ларбарал совнаха, вайна юкъара и боьха дIовш а, и вон сакхт а дIадаккхар тIехь лаца луччул дакъа лаца деза вайх хIораммо а. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 03.03.2011 = 28.03.1432
| КхидIа |