|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Шина Iелам-стага цхьа хIума тайп-тайпана дуьйцуш хилча, хьанах теша веза?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Шина Iеламстага тайп-тайпана дуьйцуш долу хIума тайп-тайпана хила йиш ю. Масала, фикъхIаца доьзна дерг хила йиш ю (ламазах дерг а, марханах, закатах, хьаджах, йохкар-иэцарх, ялорах-йитарх, и.кх.д.), гIиллакхаца доьзна дерг хила йиш ю, дахарца доьзна дерг хила йиш ю, кхиэлаца дерг хила йиш ю, иштта кхидIа а. ТIаккха, оцу шина Iеламстага и хIума иштта тайп-тайпана дийцар бехказло йолуш хила а йиш йолуш ду, бехказло йоцуш хила а йиш йолуш ду. ТIаккха оцу шина Iеламстаге ладугIург а тайп-тайпанчу хьолехь хила йиш ю. Масала, халонгахь верг хила йиш ю, цаторийла йолуш верг хила йиш ю, цхьа ша-тайпа хьал долуш верг хила йиш ю, иштта цхьаъа хIума шеца доцуш верг а хила йиш ю. Цу хIора хIуманийн а, адамийн а тайп-тайпана хьал хила тарлуш ду. Цу юкъахь нийса дерг а, ШариIатан Iалашонашца хьан хьолехь хьуна догIуш дерг а хьуна харжа аьтту берг – хьан хьал а, хьуна гонахара долу хьал а, хьо вехачу меттера долу хьал а девзаш волу Iеламстаг ву. Цундела, юкъарчу чулацамца аьлча: хьой вехачу меттера (хьайн хьал а, хьо вехачу меттиган хьал а девзаш волчу) Iеламстага бохург дан деза ахь. Нагахь санна иштта ши Iеламстаг велахь, цаьршима цхьа хIума тайп-тайпана дуьйцуш хилахь, цаьршиннах Iилманца сов волчо а, Делах кхерарца сов волчо а бохург дан деза ахь. Иштта волчу Iеламстага бохург ахь дича, АллахIана хьалха хьо цIена хиларга герга хир ду хьуна иза. ТIаккха, нагахь санна хьо цхьа цаторийла (хало) йолуш велахь, цу шина Iеламстага бохучух хьайна атта дерриг дан а мегар ду ахь, и цаторийла (хало) дIаяллалц. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 13.03.2011 = 08.04.1432
| КхидIа |