|
|
|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шаьш шайна доьхьал доIа ма дойла аш, шайн берашна доьхьал а доIа ма дойла аш, шайн даьхнина доьхьал а доIа ма дойла аш, АллахIа Шега дехначунна жоп луш йолчу хенахь шун и доIа нис а делла, аш дехнарг хила ца хилийтархьама». Муслима а, Абу Давуда а дийцина и хьадис. Шейх Ибн Iусаймина, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла: «Дала дIаиэца хьо, Дала вохаве хьо, Дала юьхь Iаржйе хьан (Дала юьхьIаьржа хIоттавойла хьо), Дала аьтту ма бойла хьан дуьненахь а, эхартахь а – и дешнаш алар хьарам ду». Шейх IабдуллахI ибн Джибри́не хIара санна хаттар дича – «“Дала дIа иэца хьо” алар муха ду?» – аьлла, цо иштта жоп делла цунна: «Цунах лууш дерг – валар дехар, йа Iазап дехар ду… Цундела, нагахь санна и шена олуш верг къинош летош вон стаг велахь, йа зенаш деш стаг велахь, мегар ду цунна и ала, бусалба нах а, мохк а цунах паргIат бовлийта. Нагахь санна и стаг иштта (къинош летош вон стаг) вацахь, зен деш вацахь, мегар дац иштта хIума деха а, и хIума ала а». Бусалба стаг а, къаьсттина зуда а ларйала еза оцу кепара дешнаш аларх а, кхидолу сардамаш дохкарх а, хIунда аьлча хила ма-везза волу бусалба стаг а, хила ма-езза йолу бусалба зуда а сардамаш духкуш хир яц, къа доьхуш хир яц. Ша шен берашна, йа кхечу нахана сардам боьллича, къа дехча, цунах бахьана а хилла цунна цхьа хIума хилахь, елла дIаяллалц дохко йийр ю иза, цкъаъа шена геч а дийр дац цо иза. Цундела, шен мотт вочуьнга марз балийта ца беза, муххале а дикачуьнга марзбалийта беза. Вон стаг шена гича, къинош летош верг гича а, иза нисвар доьхуш доIа дича, масала, «Дала нисве хьо», «Дала кхетаве хьо» олуш, дуккха а алсам пайда хир бу, мел хир бу, сардамашка марз ца валар а хир ду. Ткъа дика хуург АллахI ву!
14.11.2008
|