|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Кхуза вайн бусалба вашас хIара адрес деллера сега, цхьа хаттар дара са хега. Со францера язош ву, кхузахь болчу бусалба вежаршна юкъахь цхьацца къийсамаш бара, масала цхьа бусалба вежрий цхьанакхеттачу хенахь цара салам делча куьг луш, и хьа а эцца, юха уьш дIасакъастачу хенахь салам луш куьг луш дIасакъастар бидIат ду ле дац хаа лаьара суна сан лераме бусалба ваша. Хьайн аьтто белахь цунна жоп лахьара ахь. АллахI реза хуьлда.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Шейх Ибн Iусаймине (Дала къинхетам бойла цунах) хаьттина хилла: «ДIавоьдучу хенахь куьг далар муха ду?». Цо жоп делла: «Мегаш ду иза, адамаша тахана лелош а ду иза».[1] Шейх Ал-Алба́нийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Куьг далар мегаш ду дIасакъаьстачу хенахь а. (Кхузахь цхьа гIийла иснад долу хьадис даладо Шейх Ал-Алба́нийс, тIаккха олу цо:) Оцу хьадисаца хIокху хаттарна гIонна дало йиш хиларан агIо гучуйолу, дIасакъаьстачу хенахь салам далар мегаш хиларца, хIунда аьлча Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла долу дела: «Шух цхьаъ маьждиг чуваьлча, салам лойла цо, ша араволуш а салам лойла цо, и доьххьарниг тIаьххьарчул чIогIа хьакъ долуш дац». И хьадис Абу Давуда а, Тирмизийс а, кхечара а дийцина ду, дикчу иснадаца. Ткъа цхьаболчара, дIасакъаьстачу хенахь куьг далар бидIат ду алар догIуш дац. Бакъду, цхьаьнакхетачу хенахь куьг даларх лаьцна долчу хьадисашка хьаьжча, уьш дукха а, чIогIа а хилар билгал долу, дIасакъаьстачу хенахь куьг даларх лаьцна долчу хьадисел. Ткъа, бусалба динехь дика кхетам болуш волчу цу балхехь го, и шолгIа куьг далар мегаш хилар доьххьаралераниг санна даржехь чIогIа ца хилар. Доьххьаралераниг суннат ду, шолгIаниг дича дика долуш хIума ду. Амма иза бидIат ду алар – иза нийса дац, вай хьахийна долу далил бахьана долуш».[2] Кхин а, шега цунах лаьцна хаьттича, иштта жоп делла цо: «ДIасакъаьстачу хенахь куьг далар дича дика долуш хIума ду (мустахьаб). Цхьаьнакхетачу хенахь санна-м дац иза, хIунда аьлча цхьаьнакхетачу хенахь куьг даларх лаьцна даьхкина долу хьадисаш дуккха а ду, гIарадевлла а ду, амма дIасакъаьстачу хенахь дерш кIеззиг бен дац, чIогIа хала-мехала а ду. Ибнус-Суннийн «Iамалул-йавм вал-лайлахI» жайни тIехь деана хьадис ду, гIийлачу иснадаца, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна), йа цуьнан асхьабаша – хIинца дика дага ца догIу суна иза – шаьш дIасакъаьстачу хенахь Пайхамарна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) салават а дуьллура, вовший куьг а лора аьлла. ХIара, дIасакъаьстачу хенахь куьг даларх лаьцна даьхкина долчу кIеззигчу хьадисехь ду. Уьш кIеззиг хиларна къастам бо вай цхьанакхетачу хенахь куьг даларна юкъахь а – ткъа иза суннат ду, дIасакъаьсташ куьг даларна юкъахь а – иза дича дика долу хIума ду».[3] ТIаккха, дIасакъаьстачу хенахь куьг далар дика хилар гойтучу хьадисех ду Ибн Iумара (Дела реза хуьлда цунна) дийцинарг: «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша цхьаьнне Iодика йечу хенахь цуьнан куьг схьалоцура, вукхо иза ша дIахеццалц дIа а ца хоьцура цо иза. Цо олура цуьнга: «Делан керахь дуьту ас хьан дин а, хьан тешамалла а, хьан Iамалийн чаккхе а».[4] Кхечу дийцарехь деана ду, Ибн Iумара (Дела реза хуьлда цунна) КъазаIа цIе йолчу цхьана стеган Iодика ечу хенахь, цуьнан куьг схьа а лаьцна, оцу хьадисехь деана долу и зикр дийшира аьлла. Уьзза дийцар оцу КъазаIата иштта дешнашца а дийцина: «Со IабдуллахI ибн Iумар волчахь вара, тIаккха со дIаваха тохавелча, цо элира соьга: «Хьой волччахь сацахьа, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) сан Iодика йаре терра ас хьайн Iодика йаллалц». ТIаккха сан куьг схьа а лаьцна, соьга куьг делира цо, тIаккха цо элира: «Делан керахь дуьту ас хьан дин а, хьан тешамалла а, хьан Iамалийн чаккхе а». «Сан куьг схьа а лаьцна, иза ласта а дина, тIаккха элира цо…» - иштта деана ду и хьадис.[5] Оцу хьадисашкахь дуьйцург новкъа волучуьнан Iодика ечу хенахь куьг далар ду, ткъа оцу тIаьххьарчу дийцарехь дерг иштта хила а, вуьшта цхьанакхеттачура дIавоьдучу хенахь хила а тарлуш ду. Иза мухха делахь а, дIасакъаьстачу хенахь салам даларал совнаха куьг дала мегаш хилар гойту оцу хьадисаша.[6] ТIаккха, цхьанакхетачу хенахь салам луш куьг далар суннат хиларх хуьлуш долу пайданаш кхочуш хуьлуш ду дIасакъаьстачу хенахь салам луш куьг даларца а, вовший уьйр чIагIйалар а, вовшашна юкъара дика юкъаметтиг даим лаьтташ хилар гайтар а, цхьанне вас хиллехь цунна дарба дар а, иштта кхидIа а. ТIаьххьара, хIуманна бидIат ду ала сих ца валарца хьехар дан лаьа суна, сих а велла, шена хетачунна тIе а доьгIна цхьана хIуманна бидIат ду аьлча, дагахь доццучу кепара и хIума суннат хилар гучудолуш нисло. Цул совнаха, билггал Iеламнаха цу хьокъехь аьлларг хууш доцуш, йа шегахь билггал Iилма а доцуш, хIуманна бидIат ду аьлла хьукм дар – Делан динехь шена ца хуург дийцар ду, Делан динехь доцург дийцар а ду, хетара-моьттара бохучуьнца Делан дин ловзор а ду, Далла тIе доцург кхоллар а ду. Дала лардойла вай массо вочух. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 21.04.2010 = 07/05/1431 [1] Шейх Ибн Сунайд, «Ал-канзус-сами́н фи́ суа́ла́т ибн сунайд либни Iусайми́н», 172. [2] Шейх Ал-Алба́ний, «Силсилатул-ахьадис ас-сахьи́хьахI», 1/15. [3] ХIара жоп Шейх Ал-Албанийс маттаца делла ду, аудио куьцехь ладоьгIна ас цуьнга. [4] Тирмизий; Ибнул-Аси́р, «Джа́миIул-усу́л», 4/290. [5] Уьш дийцина Ан-Наса́ийс, «Ас-сунан ал-кубро́» тIехь. [6] Iабдун-На́сир ибн Хидр Ми́ла́д, «Ал-мусо́рахьахI фи ахька́мил-мусо́фахьахI», 85.
| КхидIа |