Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Мархин сахь доккхуш хIун ала деза? Ниййат муха дан деза?
АллахIа къобул дойла вайн марханаш а, кху баттахь йина дика Iамалаш а.

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Мархин сахь доккхуш хIара ду аьлла ала дезаш хIума дац. «Мархин сахь даккха», йа «мархин сахь дIадала» аьлла дагчохь лаам хилчахьана тоаьш ду. Дагчохь иштта лаам хиларх ниййат дар олу. Ткъа мархин сахь доккхучу хенахь ниййат хилар иза нийса хиларан биллам бу. Цундела, ша шен даьхних мархин сахьана даьхни дIакъасточу хенахь, йа ша иза дIадала дезачунна дIалучу хенахь, йа цаьршинна юккъехь йолчу хенахь, йа ша́ иза дIадала цхьаъ векал вечу хенахь и ниййат дан деза цо, иштта лаам хила беза цуьнан дагчохь.[1]

ТIаккха, «и ниййат сахь доккхуш волчо ша́ шена тIера а дийр ду, ша́ сахь даккха дезачарна тIера а дийр ду, хуьлийла иза шен зудчунна тIера, йа дена-нанна тIера, йа берашна тIера, нагахь санна царна рицкъа латтор шена тIедоьжна делахь. Ткъа нагахь санна ша́ шайна тIера сахь доккхурш ша́ царна рицкъа латтор важиб дерш бацахь, хуьлийла уьш да-нана, йа бераш, йа муьлхха а кхидолу хийра адам – царна тIера сахь дIадала цаьргара пурба даккха деза. Цаьргара пурба а доцуш цо царна тIера сахь даккхахь – иза нийса лоруш хир дац»,[2] хIунда аьлча оцу хьолехь царна тIера ниййат дойла яц цуьнан.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

19.09.2009

 

 


[1] Шайхул-Ислам Закариййа́ Ал-Ансо́рийй, «Фатхьул-ваххIа́б бишархьи манхIаджит-тIулла́б», 1/202; Шейх Мухьаммад Нававий Ал-Джа́вий, «НихIа́йатуз-зайн фи́ ирша́дил-мубтадии́н», 175 агIо.

[2] Шейх Мухьаммад Нававий Ал-Джа́вий, «НихIа́йатуз-зайн фи́ ирша́дил-мубтадии́н», 175 агIо.