|
|
| Видео |
| Хьешан тептар |
| Кехат язде соьга |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум!
Цхьа хаттар
дара са хьоьга, аса са туьссу хогара жоп сайна
кхачаре. Дала шен духа дойла ахьа мел лелориг. Дала диканца бекхам бойла
хьуна.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Уггар хьалха довза деза, доIа дечу хенахь куьйгаш хьалаайдар доIа даран гIиллакхех хилар а, доIа деш куьйгаш айдар – иза бух хилар а. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Бакъдолуш АллахI эхьхетаме, дехнарг луш, комаьрша ву – Цунна иэхь хета цхьана стага Шега ши куьг хьалаайдича, и шиъ даьсса, жоп далаза духатоха».[1] Кхин а масийтта хьадис деана, доIа дечу хенахь куьйгаш хьалаайдар доIина жоп даларан бахьанех цхьа бахьана хилар гойтуш. Делахь а, цхьайолчу меттигашкахь куьгаш айдар суннат дац, муххале а ца айдар суннат ду. Иза билгал деш, Шейх Мухьаммад ибн Ал-Iусаймина, доIа деш куьйгаш хьалаайдар диъ декъе декъна[2]: 1 – Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана доIанехь куьйгаш хьалаайдира аьлла деана дерг, масала цо рузбанан хутIба дечу хенахь догIа доьхуш доIадеш куьйгаш хьалаайдина хилар. 2 – Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – и доIа дечу хенахь куьйгаш ца айдира аьлла деана дерг, масала имамо хутIба дечу хенахь. 3 – Хьадисан доьххьала дIа долчу маьIнехь Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – куьйгаш айдина ца хилар гуш дерг, масала ламаз тIехь шина сужуда юкъахь доIа деш а, сужудехь доIа деш а, иштта кхидIа а. 4 – Оцу кхаа дакъана юкъадогIуш доцу кхидIа дерг. Хьалхарчу декъан хьукма а, доьалгIачу дакъана юкъадогIу доIанийн хьукма а куьйгаш хьалаайдар суннат хилар ду. ШолгIа а, кхоалгIа а дакъана юкъадогIучу доIанашкахь куьйгаш хьала ца айдар суннат ду. ТIаккха, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – куьйгаш хьала а айдина доIа дира аьлла деана долу хьадисаш гулдина ца валлал дукха ду, Имам Нававийс ма-аллара,[3] Имам Бухарис а, кхечу масийтта Iелам-стага а и цхьадолу хьадисаш гулдеш яздина жайнаш а ду. Цундела, вай масалаш далор ду, куьйгаш айдар дика долчу доIанашна: кешнашка вахча доIа деш, ламазал тIаьхьа азкараш дешначул тIаьхьа доIа деш, хьадж дечу хенахь тIулгаш кхиссинчул тIаьхьа доIа деш, азан динчул тIаьхьа къамат даллалц йолчу юкъахь доIа деш, ламаз эцначул тIаьхьа доIа деш, иштта кхидIа а. Куьйгаш айдар суннат доцучу доIанех ду ламаз юкъахь деш долу массо доIанаш, цхьана къунутехь доцург, кхин а имамо ша хутIба дечу хенахь а. Имам Нававийс а, кхиболчу ШафиIийн мазхIабан Iелам-наха а, ламазехь а доцуш кхидолчу муьлхха а доIанехь куьйгаш хьалаайдар суннат ду аьлла[4], Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – вуно дукха меттигашкахь куьйгаш хьалаайдина дела а, доIа деш куьйгаш хьалаайдар цуьнан гIиллакхех а, цунна жоп даларан бахьанех а хилар гойтуш даьхкина нийса хьадисаш долу дела а, вай доьххьара дийцинарг санна. Цундела, ламаз юкъахь цхьа а доIа деш ши куьг хьалаайдар суннат дац, цхьа къунут доцург, имамо ша хутIба дечу хенахь айдар а суннат дац, кхидолчу муьлхха а доIанехь куьйгаш хьалаайдар суннат ду, доIанан гIиллакх ду. ДоIа дечу хенахь ши куьг хьалаайдар доIанан гIиллакх ду бохург – и куьйгаш хьалаайдар важиб ду бохург дац, даим уьш айдан деза бохург а дац, ца айдечуьнга айде ала деза бохург а дац. Цундела, шена луучо айдича дика ду, ца луучо ца айдича хIумма а дац, йа куьйгаш айдар доIанан биллам а бац, Пайхамара а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хIора доIанехь айдеш хилла аьлла а дац, муххале цкъацкъа айдеш, цкъацкъа ца айдеш хилла цо а. Цунна масал далор ду вай азан динчул тIаьхьа дечу доIанца: азан динчул тIаьхьа Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – лакха дарж доьхучу хенахь а, цунна салават дуьллучу хенахь а куьйгаш хьалаайдан мегаш дуй? Ду, айдича дика а ду. Даим айдан дезаш дуй уьш, ца луучо ца айдан а йиш йолуш дуй? Даим айдан дезаш дац, шена луучо айдан мега, ца луучо ца айдан а мега.
Дика хууш верг АллахI ву! [1] Абу Давуд, Тирмизи, Ибн МаджахI, Хьаким. [2] «МаджмýIу Фатáвá ва Росáил Ибн Ал-Iусаймúн», 13/193. [3] «Ал-МаджмýI Шархьул-МухIаззаб». [4] «Ат-Тахькъúкъ», Имам Нававий; «Шархьу МинхIаджит-ТIóлибúн», Имам Ал-Махьаллийн а, Имам Ал-ХIайтамийн а, Имам Ар-Рамлийн а, Имам Аш-Ширбúнийн а.
|