Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Суна йоьвзаш йолчу цхьана зудчо под процент ахча оьцара, иза эца мегий ца хууш. ХIинца и ахча ша сагIийна дIадала мегий бах цо? ДжазакаллахIу хайран.

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

«Под процент ахча оьцара» бохучух лууш дерг цо цхьаьнга «под процент» декхар лора бохург делахь, йа масала банкехь охьадиллинчу ахчанна тIекхеташ хилла йолу проценташ схьаэцара бохург делахь – ша́ эцна йолу и проценташ дIаяха еза цо шегара. Бусалба нахана пайда хуьлучу метте цхьанхьа дIадала деза цо и совнаха тIекхетта долу ахча.

Иштта цо дIалуш долу и хьарам ахча сагIийна дIалуш хир дац, (ша хьаннал даьккхина долу ахча сагIийна луш санна хир дац иза), хIунда аьлча иза хьарам ахча ду, цундела иза сагIа лорур дац, мелхо а цунах шена къа ца хилийта шен долара доккхур ду цо иза, «шен кочара доккхур ду» цо иза, «шех генадоккхур ду» цо иза.

ХIара санна долчу хаттарна вай жоп делира хьалха кхузахь: «Риба-ахча тIерадаккхар»

Ткъа дика хуург АллахI ву!

22.06.2011 = ‏20‏.07‏.1432