|
|
| Видео |
| Хьешан тептар |
| Кехат язде соьга |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Кху сайт тIера хIуманаш сов мел дийши а, кхин а сов хаттарш кхоллало. ХIинца сан долу хаттар банкехь долчу ахчанах елла процентех лаьцна ду. Уьзаш хьарам хиларах шеко яц сан. Делахь а масала суна цхьана шарахь тIеюьллуш ерг 3-4 доллар меха хир ду. Иза цхьанна дIадала деза сагIийна аьллера соьга. Ткъа цу ахчанна юкъара иза схьакъастадойла яц. Даиманна а сагIийна хIума луш волуш хилча, билгадаьккхина цунна нийят ца хиллехь, тIера дера дуй суна иза къа. Я дацахь аса хIинца ниййат а дина иза дIалахь (аса хьалха ма аллара иза доккха ахча а дац, дIадала хала а дац) тIера дера дуй суна къа?
ТIаьххьара баркалла ала лаара ахьа хIара болх лелорна, Дала диканца бекхам
бойла хьуна.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Доьххьара билгал дан деза, ахь хьайх хьаьрчина долу и хьарам ахча тIерадоккхуш дIалуш дерг «сагIийна» луш ца хуьлу, йа вуьшта аьлча, хьуна цунах ме́л хуьлучу кепара сагIа ца хуьлу хьан иза. Муххале а, ахь и ахча диъча, йа цунах пайда эцча хьуна къа хир долу дела, и ца хилийта, иза «хьайн кочара доккхуш» дIалуш ду ахь иза. ТIаккха, и ахь хьайн хьанал ахчанах дIакъасто дезаш долу хьарам ахча ниййатца къастийча нийса хир ду, хьарам ахча дIакъасто даг чохь лаам а болуш къастийча нийса хир ду, хIунда аьлча иза вай доьххьара ма-аллара сагIа лоруш дац. Дала гIо дойла хьуна хьайн дин тIехь саца а, хьарам дерг Iадда дуьтуш, хьанал долчу беркате рицкъанца ва́ха а. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 31.03.2009
|