Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Сан накъостан нана, чохь ремонт йан кредит эца бохуш ю цуьнга, амма тхойшинна хезнера процент боху хIума лело ца мега аьлла. Нанас бохуш хилча, нанна дика хилархьама мегар дуй иза иэца? Нанна там бар ду деза йа процентах ларвалар ду? Дела реза хийла..

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Лераме ваша, цу хьолехь процентаца долу кредит эца мегар дац, хIунда аьлча нана реза йар хьарам долчу хIуманца хила йиш яц. Iеламнаха ишттачу меттехь ма-аллара, Кхоллархо волчу АллахIана Iеса хиларца муьтIахь хила йиш яц Цо кхоьллина долчу адамана.

Шен нана кхето гIорта веза иза, и хIума мегаш ца хилар, иза къилахь хилар, цуьнан тIаьхьло вон хирг хилар, цунах беркат хирг ца хилар.

Ткъа дика хуург сийлахь веза волу АллахI ву.

06.10.2013 = ‏01‏.12‏.1434