Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Сан хаттарш Къуран айфон тIера дешарх лаьцна ду.

1. Къуран айфон тIера доьшуш хилча ламаз иэца дезий? Йа ламаз карахь доцуш деша мега иза?

2. Къуран китаб (яздина долчу жайни) тIера дешча йа айфон тIера дешча башхула юй? 

3. Къуран айфон чохь закачанный долуш и айфонаца цхьана боьха метте чувала мегий?

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

1. Къуръан айфон тIера доьшуш хилча ламаз иэцар важиб дац, суннат ду. Ламаз керахь ца хилча а деша мегар ду иза цу тIера, делахь а ламаз эцна хилча мелехь ду, гIолий ду. Иза вай дийцира хьалха кхузахь:

«Къуръан телефон тIера я комьютер тIера доьшуш ламаз карахь хила дезий?»

2. Кехат тIехь яздинчу Къуръан тIера доьшуш хилча ламаз керахь хила дезар доцург кхин башхула яц, Дала мукъа лахь, Къуръан айфон тIера дешарна а, кехат тIера дешарна а юкъахь. Иза вай дийцира кхузахь:

«Компьютер чохь Къуръан дешар вуьшта дешар санна дуй?»

ХIетте а, кехат тIехь яздина долу Къуръан – бух бу, иза бакъдолу Къуръан ду, цундела цунах даиманна хийра валар дика хирг хир дац, наг-наггахь дешна а цу тIера деша хьажар дика ду.

3. Айфон чохь долчу Къуръанан йоза кехат тIехь яздина долу Къуръан санна дац, цундела и айфон ламаз керахь доцуш лело мега аьлла дукхах болчу Iеламнаха. Цигара схьа девза вайна кхоалгIачу хаттарна жоп: айфонан экрана тIехь Къуръан летта доцучу хенахь, экрана тIехь цуьнан йоза гуш доцучу хенахь и айфон керахь йолуш, йа киснахь йолуш нишка ваха мегаш ду, йа кхийолчу боьха метте чува́ла а мегаш ду, Дала мукъа лахь.

Ткъа нагахь санна айфон тIехь (йа кхийолчу муьлхха а телефона тIехь, йа айпад тIехь, йа ноутбук тIехь) и Къуръан хьалалетта делахь, экрана тIехь цуьнан йоза гуш делахь, иза нишка яхьарх ларвала веза, боьха метте цуьнца чуваларх а ларвала веза.[1]

Ткъа дика хуург сийлахь-цIена волу АллахI ву!

28.04.2011 = ‏24‏.05‏.1432


 

[1] «Ал-мусхьафул-иликтрунийй ва ахькамухIул-фикъхIиййатул-мустажиддахI», Робихь ибн Ахьмад Дафрур, 30; «Фатава аш-шабакатил-исламиййахI», № 44951.