|
|
| Видео |
|
Хаттар: Керистах бусулба стаг кIелхьара воккхуш къаьркъа эца мегар дуй? Тхан дас эцна хилла иза, тхан лолхо кIелхьара воккхуш, цунна хIун хир ду?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! (Билгалдаккхар: хIара хаттар дина дукха хан яра, ши шо сов хан яра, сайна билггал жоп ца хуу дела Iаддитинера ас хIара. Дукха хан йоццуш, хIокхунах тера долчу хаттарх лаьцна яздинарг сайна карийча, оьшучунна пайда хилийта яздо ас иза хIинца). Имам Ал-Фаза́рийс (Дала къинхетам бойла цунах) хаьттина хилла Имам Ал-Авза́Iийга (Дала къинхетам бойла цунах): «МостагIчуьнан керахь йийсаре бина бусалбанаш белахь, бусалба нахана уьш кIелхьара ба́ха лиъча, оцу мостагIаша цаьрга аьлча: - «Оха уьш дIалур бац шуна хIоккхул къаьркъанах бен», (хIун дан деза цара)»? Имам Ал-Авза́Iийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла тIаккха: «Вон хIума ду аьлла ца хета суна иза. Царна къаьркъа а эцна, уьш цуьнца церах кIелхьарабохуш бу цара. Ца ваьллачу денна деш ду иза (кхин дан хIума ца хиларна)».[1] Маликий мазхIабера Iелам-наха а аьлла, нагахь санна къаьркъа а, хьакха а елча бен бусалба нах керстанийн йийсарера схьаба́халуш бацахь, бусалба куьйгалхочунна мегар ду царна дала къаьркъа эца а, хьакха эца а; амма нагахь санна уьш кхидолчу хIуманца реза хила йиш йолуш хIума делахь – тIаккха мегар дац уьш эца а, царна йала а.[2] Цундела, нагахь санна цхьа бусалба адам керстанан балехь делахь, и бусалба адам керстано къаьркъа делча бен дIахоьцуш а дацахь, мегар ду цунна къаьркъа эца а, иза цунна дала а, хIунда аьлча иза кхин дан хIума доцуш хьал долу дела. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 20.01.2010 = 1431-02-04 [1] Шайхул-Ислам Ал-Фаза́рий, «Китабус-сийар», 358. [2] «Ал-МавсуIатул-фикъхIиййатул-кувайтиййахI», 32/62.
| КхидIа |