Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Дала шен доьхьа дойла лелош дерг. Хаттар дар сан:

Каш чохь берийн бартхаттам муха хир бу бах шарIо, нагахь санна и белахь.

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Берийн бартхаттам хирг хилар, йа ца хилар дуьххьала дIа билгалдеш дуьйцуш йа айат а, йа хьадис а дац. Цундела, Iелам-нехан шина кепара хьажар ду цу хаттаре.[1]

Цхьаболчу Iелам-наха, бартхаттам массаьрга а хир бу аьлла, баккхийчаьрга а, кегийчаьрга а. Кегийчаьрга а барт хоттур хиларна церан коьрта тешалла ду Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана берана тIехь докъа-ламаз дечу хенахь, иштта доIа дина хилар: «Йа АллахI, кошан Iазапах ларде ахь иза».[2] Иза доцург а, кхин а цхьацца тешаллаш далийна цара шайн дашна.

Барт хоттучу хенахь, кегийчеран хьекъал кхуьуьйтур ду, тIаккха нийса жоп далар дагчу тоссур ду царна аьлла хIокху Iелам-наха.

Цхьаболчу кхечу Iелам-наха берийн бартхаттам хир бац аьлла, хIунда аьлча уьш кхианза долу дела. Ткъа каш чохь хоттур дерш АллахIах а, динах а, пайхамарх а лаьцна хаттарш хилча, пайхамар ма-варра вовза церан кхетам бац, хьекъал дац, йа Iибадат важиб хилла тIедожа уьш кхиъна а бац, йа элчанан дош царна парз хилла тIедужуш дац уьш кхиъна бовллалц, тIаккха цаьрга муха хоттур бу барт?!

Цул совнаха, нийсачу хьадисехь билггал деана ду, бераш дуьненчу довлучу хенахь «фитIрат» тIехь (Дела цхьаъ варна кийча а долуш) дуьненчу довлуш хилар.

Амма цу хьадисехь дерг – цунах лууш дерг баккхийчарна санна хир долу дегIан меженийн Iазап дац, муххале а, сингаттаман а, гIайгIанан а, кашо юкъакъовларан а лазам бу.

Иштта аьлла хIокху шолгIачу Iелам-наха.

Дика хуург АллахI ву, ткъа нийсох дерг шолгIаниг хила мега, берашна бартхаттам хир бац аьлла дерг.

Юха а, дерг ма-дарра муха хир ду АллахIана дика хаьа.

 

29.08.2008


 

[1] Имам Ас-СуйутIий - «Ал-Хьави лил-Фатава», 2/165-168, «Шархьус-Судур», 152; Имам Ибнул-Къаййим, «Ар-Рухь», 87; Шейх IабдуллахI Ал-ГIунайман, «Шархьул-Iакъидатил-ВаситIиййахI», 19/4; Шейх IатIиййахI Сакър, «Фатава Ал-Азхар», 8/31.

[2] Малик.