|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум лараме ваша, хьан АллахIа аьтто бойла, хьо хилар хIара къахьоьгуш тхуна Делан къинхетам бу. Цхьа хаттар дийр дара ас, тхуна вежаршна юкъахь цхьа къовсам баьллера. Одноклассники олуш цхьа сайт ю чохь общатса до цунна, Росси пачхьалкхера доцарш кхечу пачхьалкхшкара адамаш ду цу чохь. Тхуна тхайн юьртара марехь йолуш зуда гинера цу чохь, шен сурт хIоттийна цо, коьрта тиллана йовлакх дац цуьна, раз йаьлла голтIе баьккхина ког болуш (цIормата йац и тIехь). Цхьаберш бара оцу зудчунна къа хуьлуш далахь (марехь йолуш и сурт хIоттийна эц сайт 'одноклассники' чохь Iарна) зуда йалийна цу чохь Iаш волу суна цунна цхьатерра къа ду бохуш. Важаберш иштта дац и, оцу зудчунна къа сов хир ду бохуш бара (цу тIе цуьнан майра боьрша вац бохуш бара). Нийсо йича ахь лараме тхан ваша. Сихо яц хьуна, хьайн кхунах хало-новкъарло йарна къинтIера вала. АллахIа аьтто бойла, АллахI реза хилла хьуна.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Лераме ваша! Цхьаъа шеко йоцуш, бусалба зудчо шен дегIан меженаш дIа ца хьулйар къилахь хIума ду, иза вай мосуьйттозза хьалха дийцина а ду. Цундела, оцу зудчо и сурт оцу сайта чу диллар вон хIума ду, къилахь хIума а ду. Цу тIехь цхьаъа шеко яц. Делахь а, и зуда юьйцуш а, цуьнан хIусамда вуьйцуш а шу Iар а дац мелехь хIума. Шайна иза гича а, дика хIума дац иза, Дала кхетам лойла цунна а, суна а, Дала нисйойла иза а, со а аьлла Iаддита дезара аш иза. Товш дац, йа догIуш а дац бусалба къонахчо нехан зударий бийцар а, церан майрой бийцар а. ТIаккха, нагахь санна шу оцу суьрте хьоьжуш Iийнехь – иза а шуна мел хуьлуьйтуш хIума дац. Шайна цуьнан и сурт гича, дIаяйа езара аш и сурт долу сайтан агIо. Бусалба къонах нехан зударшка хьежар а товш хIума дац, догIуш хIума дац. Къа хьанна сов хир ду? Хаттар иштта хила дезаш дацара шуна юкъахь. Суна хетарехь, аш хIоттийча нийса хир долу хаттар иштта хир дара: вай хIокху сайта тIехь оцу суьрте хьоьжуш Iар, вай и зуда йийцар, вай цуьнан майра вийцар мел къилахь ду, мел мегаш ду? Кхин а, оцу сайта тIехь оьшучул дукха хан йойъий-те вай, эрна хан йойъий-те вай, оьшуш а ца оьшуш а «общатся-м» ца до-те вай аьлла хаттар дан а дезара аш вовшашка. И зуда а, цуьнан майра а вуьйцучул а алсам пайда хир бара аьлла хета суна шуна. И зуда-м кхана АллахIа нис а йина, АллахI реза волчу кепара цо шен дахар нис а дина, чаккхе дика а йолуш хила мега (адамийн дегнаш АллахIа керахь ма-ду, Цо Шена луъучу кепара хуьйцуш ма-ду уьш), ткъа сан чаккхе муха хир ю-те, сан валар муха нислур ду-те, нийса некъа тIера гал ца вала ас мел къахьоьгу-те аьлла хаттар кхолладала дезара шух хIоранне а. Iеса стаг гича а хьайн сине хаттам беш хила олу вайга Iеламнаха. Iеса волчу стеган Iесалла юьйцучул а, хьайгахь сакхт дуй хьажа олу вайга Iеламнаха. Вайна ваьшкахь цхьа сакхт а карийна, иза дIадаккхар тIехь вай ойла йар дуккха а гIолий ду нехан Iесалла йийцарал а. Ткъа нагахь санна вайна ваьшкахь цхьаъа сакхт карош дацахь – иза кхин а доккха сакхт ду. Иштта и аьлла хета суна, лераме ваша. АллахIа аьтту бойла хьан а, АллахI реза хуьлда хуна а! Ткъа дика хуург къинхетаме волу АллахI ву! 07.05.2011 = 04.06.1432
|