|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Берана прививка йайта мегаш дуй-те Бусалба динехь?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Мегаш ду. Мегна ца Iаш, дика лоруш хила йиш йолуш а ду иза - цхьацца цамгарш яьржина йолчу цхьадолчу мехкашкахь, и прививка ца йар бахьана долуш бераш даларш нисло бохуш дуьйцу лоьраша а, Iилманчаша а. Прививка йича цамгарна доьхьало йалуш хилар а, иштта и хIума хIокху вайн заманахь довзар а Делан къинхетам бу. Цамгар хилале цунна доьхьало йан мегаш хиларна а, иза ца хилийта бахьанаша лело мегаш хиларна а, цигара схьа прививка йан мегаш хиларна а Iеламнаха тешалла даладо Бухарийс а, Муслима а дийцина долу хьадис: «Iуьйранна ворхI уггар дика хурма юуш хиллачунна цу дийнахь зен дийр дац дIаьвшо а, бозбунчалло а». Цу хьадисехь, цамгар ца хилийта лелош долу бахьана ду дуьйцуш, прививка а оцу кепара еш ю, цундела иза тешалла ду прививка йан мегаш хиларна.[1] Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 2010-08-03 = 22/08/1431 [1] Шейх Iабдул-Мухьсин Ал-Iаббад, «Шархь сунан Аби Давуд», 6/81, 20/198; Шейх Ибн Баз, «МаджмуI фатава Ибн Баз», 6/21; «Фатава мавкъиI ал-ислам суал ва джаваб», хаттар № 20276.
| КхидIа |