Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Бера цомгуш доццушехь, пенси хIоттадайта мегий цунна (детская инвалидность)?

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Бера цомгаш доццушехь, иза цомгаш ду аьлла пенси хIоттадайтар дика хIума ду аьлла ца хета суна. Дика хIума ца хиларал совнаха, йа иза мегар ду аьлла а ца хета суна, кхин дан хIума доцуш виссина вацахь, и хIума ца дича кхин рицкъа доцуш виссина вацахь, и ца дича хIаллакьхиларна герга велахь, йа вуьшта аьлча: хьарам долу хIума магочу хьолехь вацахь. ХIунда аьлча цу балхехь хьарам долу масех хIума долу дела:

1) Цкъа делахь, харц лер ду иза, доцург ду алар ду иза, пуьташ боттар ду иза. Ткъа харц лер уггар даккхийчу къинойх ду, иза вайна массарна а хууш ду.

Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Бакъдолуш, бакълеро дикаллийна тIенисво, ткъа дикаллийно ялсаманина тIенисво; бакъдолуш цхьа стаг даим бакъ луьйш хуьлу, АллахIана гергахь "сиддикъ" (баккъалла а бакъ луьйш верг) аьлла дIавазваллалц! Бакъдолуш, харц леро (аьшпаш боттаро) воллийна (вочунна) тIенисво, ткъа волло (вочу хIумано) жоьжахатийна тIенисво; бакъдолуш цхьа стаг харц луьйш хуьлу, АллахIана гергахь "харц луьйриг" аьлла цIе тоьхна дIавазваллалц».[1]

Кхин а аьлла Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «Бакълер тIедожадо ас шуна, бакъдолуш, цуьнца дика ду, ткъа и шиъ ялсаманехь ду. Верлаш пуьташ боттарх ларлолаш, бакъдолуш, цуьнца вон ду, ткъа и шиъ жоьжахатехь ду».[2]

Iаишата (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан Элчанна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) харц лерал чIогIа ца дезаш хIумма а дацара. Цхьаъ харц лийна хилар шена билгалдаьлча, иза кIеззиг хIуманна тIехь бен дацахь а иза дагара ца волура цунна, цо тоба керладаьккхиний хаалц».[3] «Харц лер санна Делан Элчанна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) ца дезаш (вон) гIиллакх дан а дацара…», - иштта деана ду и хьадис.[4]

2) Iехор а ду и хIума дарехь. Иза а къилахь хIума ду, бусалба стагца догIуш хIума дац.

Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Iехош верг вайх вац».[5] «Iехош верг сох вац».[6] «Вай Iехийнарг вайх вац. Мекирло а, Iехор а жоьжахати чохь ду».[7] «Мекирло а, Iехор а, тешнабехк а жоьжахати чохь ду».[8]

3) Дукха хьолехь и хIума дечу хенахь (кехаташ кечдеш, уьш чекхдохуш, и.кх.дI.) кхаъ бала беза (взятка). Иза а хьарам хIума ду, даккхийчу къинойх а ду.

IабдуллахI ибн Iамра (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) неIалт элира кхаъ луш волчунна а, иза схьаоьцуш волчунна а».[9] Кхин а аьлла Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «АллахIан неIалт ду кхаъ луш волчунна а, кхаъ оьцуш волчунна а».[10]

4) Iехорца а, къайлахула а, тIехьашхула а деш долу хIума мухха делахь а дика дац, цуьнан тIаьхьло а дика ца хуьлу, иза гучудаьлча цунах хуьлуш долу зен а доккха хуьлу. Цундела, зен хуьлуьйтуш долу хIума Бусалба дино доьхкуш ду, вон тIаьхьло хуьлуш долу хIума а Бусалба дино доьхкуш ду.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

31.01.2010 = ‏16‏/02‏/1431


 

[1] Бухарий, Муслим.

[2] Ибн Хьиббан.

[3] Хьаким.

[4] Ахьмад, Ибн Хьиббан.

[5] Муслим.

[6] Муслим.

[7] Ибн Хьиббан, ТIабараний.

[8] Хьаким.

[9] Абу Давуд, Тирмизий.

[10] Ибн Хьиббан, Хьаким.