Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!
Цхьацца жайнашкахь яздина го суна, интернет чохь яздина го суна хIара элпаш яздеш (с.а.в.), Пайхамара цIе яьккхича, Делера къинхетам, салам хуьлда цунна. И иштта яздар муха ду?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цIе яьккхича, йа иза хьахийча, цунна салават диллар а, цунна маршалла дехар а АллахIан омрунна а, Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – омрунна а муьтIахь хилар ду.

Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Бакъдолуш, АллахIа а, Цуьнан малийкаша а салават дуьллу пайхамарна; хIай ийман диллинарш, аш салават дуьллийла цунна, маршалла а доьхийла цунна].[1]

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна АллахIа итт салават дуьллур ду».[2]

Кхечу хьадисехь аьлла ду: «БIаьрмециг ву, шена гергахь со хьахош хезча суна салават ца диллинарг».[3] 

Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цIе язйеш хилча, йа иза пайхамар аьлла, элча аьлла хьахош хилча, цунна салават диллар ша́ ма-дарра дIаязде олу Iелам-наха, дешнийн доьххьара элпашца доцца а ца яздеш.

Иштта доцца и элпаш яздар гIалат ду, Пайхамарна къинхетам а, хастор а, маршалла а доьхуш ден доIа дерриге ша ма-дарра яздар нийса ду, иза мел хала делахь а.

Хьадис Iилманах лаьцна Имам Нававийс яздинчу «Ат-Такъри́б» жайнин маьIна деш, Имам Суйу́тIийс – Дала къинхетам бойла цаьршиннах шиннех – аьлла: «Дика лоруш дац салават а, салам а яздеш хилча цхьана элпаца, йа шина элпаца яздар, масала цхьаболчара «слIм» (дмхц) яздаре терра. Муххале а, кхоччуш дерриге дIаяздан деза и дешнаш. Доьххьара цу дешнашна «слIм» яздинчуьнан куьг дIаха́дийна хилла олуш ду».[4]

Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «АллахIан элчанан цIе яьккхинчул тIаьхьа хIара дешнаш  яздан деза: «АллахIера салават (къинхетам, хастор, даккхий диканаш) а, маршалла а хьулда цунна». Иза иштта яздар хьалха хилла болчу а, тIаьхьа хилла болчу а дикчу нехан, Iелам-нехан Iадат ду. Иза дацдан мегар дац элпашца, «слIм»[5] яздина дитарца, хIунда аьлча иза де́къазачеран Iадат ду».[6]

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!


 

[1] Сурат «Ал-Ахьза́б», 56 айат.

[2] Муслим.

[3] Ахьмад, Тирмизий, Насаий, Ибн Хьиббан, Хьаким.

[4] Имам Суйу́тIий, «Тадри́бур-Ро́ви́ Шархь Такъри́бин-Нава́ви́», 2/77.

[5] «СлIм» - «соллалло́хIу IалайхIи ва саллам» бохучу дешнийн хьалхара элпаш ду.

[6] Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «Ал-Фатава́ Ал-Хьади́сиййахI», 164.